Дизайн-проекташ къасторан харжамехь дакъалоцучарна гӀо до

20.gorodsreda.ru платформи тӀехь дӀахьочу дизайн-проекташ къасторан онлайн кхажтасарехь дакъалоцучу республикин бахархошна гӀо деш бу гӀоьнчий.


Махлелоран туьшашна а, дешаран учрежденешна а, поликлиникашна а, школашна а хьалха каро аьтто бу уьш.
Цара хьоьху дӀахьочу онлайн кхажтасаран а, дизайн-проектийн а, ша платформин а хьокъехь дерг.

НР-н гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела Ибрагимова Алисас билгалдаккхарехь, гӀоьнчий болх беш бу Шелан а, Курчалойн а, Гуьмсан а, Хьалха-Мартан а, ТӀехьа-Мартан а кӀошташкахь, иштта, Соьлжа-ГӀалин а, Устрада-ГӀалин а округашкахь.

Кхажтасарехь дакъалоцучу Нохчийчоьнна лерина 30 юкъараллин майданан дизайн-проекташ ю платформехь.

Дагадоуьйту и болх Къоман «ХӀусамаш а, гӀаланашкара хьелаш а» проектан «ГӀалин бегӀийла хьелаш кхоллар» подпроектан гурашкахь дӀахьош хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: