МЧС – берашна кхерам ца хилийтарехьа

HjMFdByZmr-800x600

Нохчийн Республикехь дIахьош ю «МЧС – берашна кхерам ца хилийтарехьа» цIе йолу акци. Итт дийнахь лаьттар йолчу акцин коьрта Iалашо ю бераш цIе яларх а, хила тарлучу  кхечу бохамех а лардар.

ЦIеяйаран-гIодаран №22 йолчу декъан белхахоша Гуьмсан  районерчу дешархошца йиллина урокаш дIаяьхьира. Цара цигахь довзийтира цIеяйъархойн балхах лаьцна. Цул тIаьхьа дийцира мич-миччахь лийча мегарг цахиларх лаьцна. Белхахоша тидам тIебахийтира самукъадаьллачохь я арахь йовха ю аьлла лийчарх бохам  бала тарлуш хиларна.

Курчалойн Эвла юккъехь МЧС-н белхахоша меттигерчу школийн дешархошна лерина цIеяйъаран гIирсийн гайтам дIабаьхьира. Белхахоша берашна дийцира муьлхачу гIирсо цIеяйъарехь хIун гIо до. Цул тIаьхьа гулбеллачеран аьтто хилира боевкаш а, йовхо юхатухуш йолу костюмаш а тIехарца кIеззигчу хенахь «цIеяйъархой» хила. И мероприяти чекхйолуш берашна цIарах лардаларх дуьйцуш а, тIехь экстренни лоьмарш йолуш а буклеташ елира.

Цу тайпана цхьаьнакхетарш дIадаьхьира. Теркан районан цIеяйъаран-гIодаран №14,28 йолчу декъан белхахоша. Цара меттигерчу школийн дешархошна дийцира сирникашца ловза мегарг цахиларх а, хи даьржина догIучу хенахь лийча мегарг цахиларх а, жимчо а, я воккхачо а  низам лардан дезаш хиларех а лаьцна. Иштта мехала мероприятеш дIаяьхьира Старопромысловски районерчу берашца цIеяйъаран-гIодаран №5 йолчу декъан белхахоша.

Билгалдаккха догIу 25-чу апрелера 1-ра июнь тIекхаччалц «Ас кхерамазаллехь дIахьур ю аьхке» цIе йолу акци хилла хилар. Иза а лерина яра дешархой цIеяларх а, хила кхечу тарлучу бохамех а ларбарна.  Оцу акцехь дакъалецира Нохчийн Республикерчу школийн итт эзар дешархочо а, берийн бошмашкарчу  бераша а.

А.АБДУЛАЕВ

№ 64, еара, 11 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: