Марханаш дастаран дезачу денца доьзна Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара вежарий, йижарий! Даггара декъалдо шу Исламан сийлахьчу марханаш дастаран дезачу денца. Дийнахь сарралц, кхача ца бууш, хи ца молуш Iарца бусалбанаша шайн ийман, собар зуьйш болу мур чекхбаларан билгало ю иза.

Вай сийлахь Рамадан бутт новкъа боккху вайна тIедехкинчу декхаршца (парзашца, суннаташца) вай хьакъ ма-дду ларийна хиларх, даггара тешна а долуш, Делера ял хиларе сатийсарца. Вай хIора дийнахь марха а кхобура, вай кхоьллина Волчу Сийлахь-Везачу АллахIана хастамаш а бора, Цуьнга дехарш деш вешан доIанаш а дора, Цунна ойла тIе а ерзайора, Цуьнан къинхетамах, Цо къинхетам бийриг хиларх чIогIа тешна а долуш.

Оцу дийнахь бусалбанаша вовшашна совгIаташ до, вовшийн марханаш къобалдо, гергарчаьрга доьлху, гIо до гIийлачарна, цомгашчарна, гIорасиз болчарна, Дала базбина баийтина сийлахь Рамадан хьакъ ма-дду чекхбаккха, берзо гIерта.

Беттан ерриге а йохаллехь вайх хIора а сагIанаш дахарца, марханаш кхабарца, Iамал-Iибадат дарца вешан диканаш совдаха гIертара.

Суна къаьсттина билгалдаккха тамехь ду Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо Рамадан баттахь цкъа а ца даьккхинчу барамехь доккха сагIа даьккхина хилар. И сагIа 100 эзар сов доьзале кхаьчна. Республикин хIора юьртахь, шахьарахь бехаш болчу таронаш ледара йолчу массо а доьзалан аьтто бина марха дастийта.

Шеко йоццуш, оцо тоьшалла до вай Кхоьллинчун къинхетам доза доцуш хиларна, Цо вайн аьтто бина вовшашна гIо дан, вайн сийлахь-безачу махкахь маьрша, беркате даха.

Хьомсара бусалбанаш! Дала къобалдойла шун марханаш, шун Iибадаташ! Дала жоп лойла шун доIанашна! Дала Шен къинхетам тIебоссабойла вайна! Лаьа шу дерриге а маьрша дехийла, шун аьтто хуьлийла! Лекха Волчо гIо дойла шуна дикачу дIадолорашкахь!

№36, хӀутосург (май) беттан 12-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: