Лалатул-Къадр буьйса герга кхаьчначу хенахь 24 бежанан жижиг мискачарна а, гIийлачарна а дIасадоькъуш доккха сагIа даьккхира Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу фондо.
Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
«Сан хьомсарчу ненан, Регионан юкъараллин фондан президентан Несин Айманин сацамца 24 бежанан жижиг дIасадекъна республикин ерриге а кIошташкарчу, гIаланашкарчу цуьнга хьашто йолчу бахархошна», – аьлла цо.
Цул сов, регионан юкъараллин фондо хIора дийнахь 6 000 тIоьрмиг кхачанан сурсаташ дIасадоькъу республикерчу гIийла, миска бохкучу бахархошна.
Рамадан бутт дIаболабелчахьана цу тайппана кхачанан сурсаташ кхаьчна 154 эзар доьзална. Оццу хенахь 100 бежанан а, 58 уьстагIан а жижиг дIасадекъна.
Фондо ахчанца гIо а дина. Пхийтта-пхийтта эзар сом ахча делла 23 эзар гIийла, миска доьзална. ДIсадекънарг дерриге а 345 миллион 450 эзар сом ду. Кхин а 2 200 стагана, шайна юкъахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранаш а, тылан къинхьегамхой а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранех бисина зударий а, социальни туьшо верасалла деш берш а болуш, 44 миллион 50 эзар сом ахча делла.
Иштта, Регионан юкъараллин фондан чоьтах Соьлжа-ГIалахь 4 петар эцна. Уьш дIаелла гIийла бохкучу доьзалшна. Петаршна чохь оьшуш мел йолу йийбар а, дахаран-Iеран техника а ю.
«Ас даггара баркалла, Дела реза хуьлда боху хьомсарчу нанна, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан президентана Несин Айманина цуьнан къинхетамна а, хьашто йолчу республикерчу, Россин регионашкарчу, дозанал арахьарчу бахархойн хьокъехь хаддаза гIайгIа барна. ХIокху безачу Рамадан баттахь Везачу АллахIа алсамйоккхийла бакъболчу, цIена болчу некъа тIехь ахь деш долчу дикачу гIуллакхийн, ахь дохуш долчу сагIанийн ял», – дерзийна Кадыров Рамзана.
Д.АНАДЕВ
№36, хӀутосург (май) беттан 12-гIа де