Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствехь.
«Хуталан культураш, шайна юкъайогIуш массарна а езаш йолу хорбазаш, пастанаш, гIабакхаш йолуш, хIора шарахь латталерхойн алссам тидам тIебоьдуш ю. ХIокху шарахь уьш 15,5 эзар тонна гулъян Iалашо ю церан. Оцу бараме кхачархьама уьш дIаюьйр ю 1780 гектара тIехь», – хаам бира министерствехь.
2019-чу шарахь вайн республикехь гулйинарг 2,627 тонна хорбазаш бен яцара, 2020-чу шарахь – 11 эзар тонна. Хуталан ораматийн доккхах долу дакъа дIадийна Шелковски а, Невран а кIошташкахь.
Цигара латтанаш гIум йолуш хилар бахьана долуш, йокъана хIутту. Оцу хьелашкахь хуталан ораматаш диках кхуьу, кхечарел.
Юьртан бахаман министерствехь билгалдаккхарехь оцу тайпанийн барам лакхабаккхар доьзна ду, цкъа делахь, вайн республикин бахархошна кхачо йина ца Iаш, вайн цIахь кхиийна муттане хорбазаш могашаллина зенехь йолу химикаташ йоцуш хилар а, шолгIа делахь, меттигерчу бахархошна муьрана алапа тIедогIу гIуллакх иза хилар а.
Л.ДАУТОВА
№36, хӀутосург (май) беттан 12-гIа де