«Бэла» спектакль – нохчийн театрехь

Нохчийн Республикин культурин министран хьалхарчу заместителан Кадырова Iайшатан кхайкхарца, Нохчийчу веана Россин театран режиссер, РСФСР-н халкъан артист Еремин Юрий.

Оьрсийн поэтан Лермонтов Михаилан «Герой нашего времени» пьеси тIехь «Бэла» спектакль хIоттор ю цо нохчийн театран сцени тIехь.

– Нохчийн халкъана хилла ца Iаш, ерриге а Къилбаседа Кавказана а боккха кхаъ бу иза, хIунда аьлча, оьрсийн поэта, яздархочо Лермонтов Михаила ша Кавказехь волчу хенахь язйина пьеса ю иза. Цул сов, иза вайн истори а ю. Ткъа Еремин оьрсийн классика дика евзаш а, цу тIехь спектаклаш хIиттош а ву. «Бэла» спектаклан турпалхойн ролаш ловзо артисташ хIинцале а хаьржина. Ткъа царна духарш «Фирдавс» модин цIийнехь тоьгур ду. Харж шена тIелаьцна оцу цIийнан куьйгалхочо Кадырова Iайшата, – дуьйцу М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн театран директора Осмаева Заретас.

Кадырова Iайшата Еремин Юрий кхайкхар ларамаза дац. Москвахь дика вевзаш ву иза шен спектаклашца. Оьрсийн классика театран сцени тIехь лаккхарчу тIегIанехь, театръезархойн даг чу юьжуьйтуш, гайта хууш ву иза.

Цундела, республикин культурин министран хьалхара заместитель тешна ю, «Бэла» спектакль а гIараяьллачех цхьаъ хирг хиларх.

Билгалдаккха луур дара Кадырова Iайшата Нохчийн Республикин культурин министран хьалхарчу заместителан дарже хIоьттинчу дийнахь дуьйна а театрийн а, библиотекийн а, музейн а гIуллакх тергонехь латтош хилар.

Кегийчарна а, баккхийчарна а лерина дуккха а мероприятеш дIахьо цуьнан куьйгаллица.

Иштта, оцу Iалашонца Россехь бевзаш болу поэташ, суртдиллархой, режиссераш, артисташ кхойкху цо Нохчийчу. Иза дерриге а нохчийн культура кхиоран дуьхьа ду.

ВЕГИЕВА Макка
№36, хӀутосург (май) беттан 12-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: