ЖамI 3:1 долуш эшийра «Тамбов»

Россин Премьер-лигин 2020–2021-чуй шерийн чемпионатан 29-чу турехь Нохчийчуьра «Ахмат» футболан клубан футболисташ шайн цIахь Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат Арена» стадионан майданахь Тамбов гIаларчу «Тамбов» футболан клубан футболисташца левзира.

Кхул хьалхарчу турехь, Волгоградехь, меттигерчу «Ротор» командица хиллачу цхьаьнакхетарехь, жамI 1:0 долуш, эшна йолчу вайн командин футболисташ хIокху цхьаьнакхетарна ир-карахIитто ницкъ кхаьчнера «Ахматан» коьртачу тренеран А.Талалаевн. Иза хаалуш дара матчан хьалхарчу миноташкахь дуьйна.

Ловзаран «архаш» юьххьехь дуьйна шайн карахь латтош бара вайн футболисташ. Къаьсттина хьалхарчу таймехь. ХIусамдайша деш долу тIелатарш ира а, кхераме а дара. Цара наггахь бен буьрка ца кхочуьйтура хьешашка. Шайн жигараллица билгал вара вайн командера Харин а, Полярус а.

Цундела ларамаза дацара «Тамбовн» кевна чу буьрка тохарца и шиъ билгалваьлла хилар а. Матчан 15-чу минотехь кхиаме кхечира Харин. Цул тIаьхьа кхо минот ялале юха а хьешийн дог дохийра Поляруса. Иштта чекхъелира хьалхара тайм.

ШолгIачу тайман юьххьехь А.Талалаевс вайн командера масех футболист хийцира. Полярусан метта майдана велира Садулаев, ткъа Янкун меттана – Алмаши. Цо мелла а хийцира майданара хьал. Вайн футболисташ мелла а паргIат бевлча санна а хеталора. Цунах пайдаэца аьтто белира «тамбовхойн».

Цхьаьнакхетаран 63-чу минотехь вайн кевна чу буьрка туьйхира цара – 2:1.

Церан дог-ойла евзинчу вайн махкахоша, ловзаран урх чIагIйира. Ильина толаман тIадам хIоттийра 80-чу минотехь, хьешийн кевна чу кхоалгIа гол а тухуш.

Цу тайппана, жамI 3:1 долуш, толам баьккхира «Ахмато».

Хь.САЙДАЕВ
№36, хӀутосург (май) беттан 12-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: