Устрада-ГӀалахь йолчу Физически а, реабилитацин а медицинин инновацин туьшахь дӀаяьхьира «Реабилитаци – 2021: керла лехамаш» конференци.

Конференцехь дакъалецира Москварчу Н.И.Пироговн цӀарахчу Къоман медикохирургин туьшан реабилитацин клиникин куьйгалхочо Даминов Вадима, ткъа иштта, республикийн а, кӀоштийн а медицинин учрежденийн куьйгалхоша а, реабилитологаша а, Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон коьртачу невролога Батукаева Лайлаа.
Леррина конференцехь дакъалаца веанчу вевзаш волчу лоьро Даминов Вадима шен докладехь дийцира Н.И.Пироговн цӀарахчу Къоман медико-хирургин туьшан реабилитацин клиникин балхах лаьцна, цуьнан техникин таронех а, цара дарбанаш деш лелочу керлачу методикех а лаьцна.
Россехь а евзаш йолчу Къоман медикохирургин туьшан реабилитацин клинико шен балхахь пайдаоьцуш лелайо хӀокху тайпа реабилитацин методикаш: фармакотерапи, дарбанан физкультура, механотерапи, физиотерапи, рефлексотерапи, хица дарбадар, къамелан реабилитаци, психологин реабилитаци, телереабилитаци, иштта дӀа кхиерш.
Цул сов, Н.И.Пироговн цӀарахчу Къоман медико-хирургин туьшан къоначу лоьрийн говзалла лакхаяккхаран Ӏалашонца курсаш дӀахьо Лоьрийн говзалла лакхаякхаран Институтан медицинин реабилитацин а, меттахӀотторан а кафедрин филиалехь.
Конференцин пленарни дакъа дӀадирзича, цуьнан дакъалацархойн аьтто хилира юьйцучу туьшан техникин таронашка а, дарба деш лелочу методикех а дерг мелла а кӀорггера довза.
Билгалдаккха деза Устрада-ГӀалахь йолу Физически а, реабилитацин а медицинин инновацин туш 100 маьнгина лерина, дийнахь-буса а, дийнахь а йолчу стационарашкахь болх беш хилар. Цуьнан говзанчийн хаарш тӀедузаран Ӏалашонца Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон куьйгалло кест-кеста Москвара а, Санкт-Петербургера а цIеяххана говзанчаш кхойкху. Ткъа Соьлжа-ГӀалахь йолчу медицинин колледжан «Медйижарийн» говзаллина доьшучу студенташа шайн практикин болх а Устрада-ГӀалахь йолчу Физически а, реабилитацин а медицинин инновацин туьшахь дӀахьош ламаст ду.
Конференци беркате хилар билгалдаьккхира цигахь дакъалаьцначу лоьраша.
Наха бечу балхе хьажар, цаьргара керланиг схьаэцар зене хуьлийла дац аьлла хета.
З.ЯХЪЯЕВА
№36, хӀутосург (май) беттан 12-гIа де