Вевзаш волу нохчийн боксер Саламов Iумар вина 1994-чу шеран асаран (июнь) беттан 7-чу дийнахь Iалхан-ГIалахь.

2012-чу шарахь Украинерчу вежарийн КличкогIеран «К2 Promotions» промоутерийн компаница барт а бина, Киев гIалахь Iийна иза, тренеран Байсангуров Увайсан куьйгаллица лата а Iемаш. 2016-чу шарахь дуьйна нохчийн «Ахмат» спортан клубан векал ву.
2020-чу шеран чиллин (февраль) баттахь цо барт бира «Top Rank» цIе йолчу Iамаркан промоутерийн компаница, карарчу хенахь Iаш а, тренировкаш еш а ву США-н Невада штатерчу Лас-Вегас гIалахь.
2012-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 15-чу дийнахь, украинхо Лидовский Михаил 2-чу раундехь нокаутца эшорца баьккхира цо шен дуьххьарлера толам.
2016-чу шеран хIутосург (май) беттан 21-чу дийнахь, суьдахойн цхьатерра хиллачу сацамца (117-111, 115-113, 115-113 чот а йолуш) британхойн боксер Аджисафе Боб эша а вина, IBO версехула 75–81 кийла йозаллин категорехь цо яьккхира дуьненан чемпионан сийлахь цIе.
2017-чу шеран хIутосург (май) беттан 6-чу дийнахь Боснера а, Герцеговинера а боксерца Маркич Эмильца лата а летта, WBO International а, IBF East/West Europe версешкахула чемпионан сийлахь цIераш ехира цо.
2017-чу шеран мангалан (июль) беттан 2-чу дийнахь Австралерчу Брисбен гIалахь IBF International версехула чемпионан сийлахь цIе яккха леташ, Саламовс дукхазза а вожийра шеца леташ верг, амма тIаьхьа, суьдахойн цхьатерра хиллачу сацамца (94-96 кхузза чот а йолуш), Австралин боксерал Хупер Дэмьенал эша а эшна, WBO International версехула йолчу дуьненан чемпионан цIарах вала дийзира цуьнан.
2018-чу шеран ас аран (июнь) беттан 22-чу дийнахь Iамаркарчу Детройт гIалахь 9-чу раундехь нокауте вахийтарца зеделларг долу Iамаркахо Ховард Брайан эша а вина, IBF North American версехула Къилбаседа Iамаркан чемпионан сийлахь цIе яьккхира Саламов Iумара.
2019-чу шеран оханан (апрель) беттан 18-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь юха а 9-чу раундехь нокауте вахийтарца, зеделларг долу поляк Домбровский Норберт эша а вина, WBO International версехула чемпионан сийлахь цIе ларйира цо.
2019-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 19-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь 3-чу раундехь нокауте вахийтарца, Ганера боксер Дансо Эммануэль эша а вина, цо юха а ларйира WBO International версехула йолу чемпионан сийлахь цIе.
Саламов Iумар WBO International (2017-гIа шо; 2018-гIа шо – карара хан) версехула чемпион а, IBO (2016-2017-гIий шераш) версехула дуьненан чемпион а, IBF North American (2018-2020-гIий шераш) версехула Къилбаседа Iамаркан чемпион а, WBO European а (2014-2016-гIий шераш), IBF East/West Europe а (2017-гIа шо), Eurasian Boxing Parliament (2018-2019-гIий шераш) версешкахула Европин чемпион а, WBO Youth а (2014-2015-гIий шераш), IBO Youth а (2013-2015-гIий шераш) версешкахула кегийрхошна юкъахь дуьненан чемпион а ву.
Карарчу шеран оханан (апрель) беттан 8-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу «Время легенд 6: Специальная операция» боксерийн турниран коьрта хилам бара Саламов Iумаран а, Екименко Сергейн а латар. Екименко эша а вина, толам баьккхира Саламовс.
I.МУРТАЗОВ
№33, хӀутосург (май) беттан 1-ра де