Тешаме юкъаметтиг

Шелковски районерчу «Бахархой балха нисбаран  туш» ГБУ-н директоран Б.Уматгириевн омрица белхан тоба кхоьллина, коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран Iалашонца. Цу юкъавогIу туьшан директор, районан администрацин куьйгалхочун заместитель Ш.Арсанукаев, «Единая Россия» партин меттигерчу отделенин векалш, кхиберш.

– Кху шарна хIоттийначу планаца нийса а догIуш, болх беш ю белхан тоба. Коллективехь луьра дIахьедина коррупци лелор могуьйтург цахилар. Оцу балха тIехь коьрта ду юкъараллехь  коррупцин гучудийларшка цабезам  кхоллар. Цуьнга  тхо  кхочу адамийн бакъонийн культура лакхаяккхарца. Вуьшта аьлча, хьарам  болчу некъаца рицкъа даккха мегарг цахиларх адамаш кхеторца. Цуьнца цхьаьна оха гIуллакхаш дина тхайн балхахь хьулам бина, къайлах хIума ца хилийтарна  тIехьовсийна. СМИ-хь зорбатуху туьшан балхах лаьцна дуьйцуш йолу материалаш. Адамаш кхетадо документаш схьаэцаран а, учете  хIитторан а некъех, – бохура балха нисбаран отделан хьаькама А.Бирциевс.

Коррупци ца хилийтархьама шаьш деш долу дерриге а гIуллакхаш довзийтинчул тIаьхьа  цо дийцира бахархойн  хьашташ кхочушдаран декъехь тIаьхьарчу  хенахь шаьш  бинчу балхах лаьцна. Цо чIагIдарехь, оцу Iалашонца  туьшехь кхоьллина  бахархой денна тIеэцаран служба. Цаьрца тешаме  юкъаметтиг ю кхузахь. Цундела адамаш царна тIе а гIерта. ДуьххьалдIа цхьана май баттахь туьшан гIоьнца балха хIоьттина  пхи стаг. Царах цхьаъ юьхьанцарчу классийн хьехархо  ю, шиъ медйиша ю, шиъ – санитарка. Июнь бутт чекхбалале кхин а 12  стагана белхан меттиг  хилийта дагахь  бу уьш.

Юнусова Роза

№  64, еара, 11 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: