Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана массаьрга а вайн махка кхайкхина.
Цо билгалдаккхарехь, хьешашна а, туристашна а мел оьшург долуш ду республикехь: садаӀаран майданаш, Ӏаламан а, архитектурин а башха хӀолламаш, кхузаманахьлера хазаллаш, иштта, нохчийн хьошалла.
«Дуьйла тхо долчу. Тхайн махка шу даьхкина чIогIа хазахетар ду тхуна», – яздина цо.
Кадыров Рамзана хаийтина урамашкахь туристаш гича шена хазахеташ хилар.
«Машаран а, беркатан а, кхиаран а билгало ю суна иза. ХӀокху беттан мукъачу деношкахь вайн гӀаланашкахь а, ярташкахь а эзарнашкахь туристаш, хьеший бара. Уьш берриге а садаӀа баьхкинера. Мурманскера Хабаровске кхаччалц а, Малхбузе Европера а, Азера а, Герггарчу Малхбалера а, Латинийн Ӏамаркера а нах богӀу вайн махка. Лаьмнашкахь а, гӀаланашкарчу маршруташкахь а хаало царна еш йолу экскурсеш. Къаьсттина хазахета царна Соьлжа-ГӀала, Къоьзан Ӏам, Органан чӀож, ГаланчӀож», – тӀетоьхна республикин Куьйгалхочо.
Туристашна нохчийн кхачанаш а, культура а, историн хӀолламаш а безаш хиларна тӀе тидам а бахийтина Кадыров Рамзана.
Иштта, садаӀа богӀурш доьзалшца бахкаран барам алсамболуш хилар а хьахийна цо.
«ХӀора а шарахь лакхайолуш ю Нохчийчоьнан туризман рейтинг. ХӀинца иза Россин кхийолчу субъекташлахь а тоьллачеран могӀарехь ю. Хьеший тӀе а лоцу, царна республика а йовзуьйту говзачу гидаша», – олуш, дерзийна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
И.ИСЛАМОВ
№37, хӀутосург (май) беттан 19-гIа де