Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Регионан юкъараллин фондо Устрада-ГIалин округехь а, Грозненски кIоштахь а бехачу гIийла-мискачу кхаа доьзална петарш елла.

Оцу доьзалийн ледара хьал шена ма-дарра хиъначул тIаьхьа, фондан президента Кадырова Айманис, йоццачу хенахь, керла, кхузаманан лехамашна жоп луш долу, цIенош дар дийхира. Царах ши цIа Устрада-ГIалин округехь ду, кхоалгIаниг – Грозненски кIоштахь.
ХIора цIа чохь йийбар а, оьшуш йолу дахаран-Iеран техника а ю.
ЦIенойн кехаташ а, догIанаш а церан дайшна дIаделира Устрада-ГIалин мэра Масаев Илеса а, Грозненски кIоштан куьйгалхочо Абазов Рустама а.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана баркалла аьлла фондан президентана оцу доьзалшна мехала совгIаташ дарна.
«Ненан беркатца республикехь а, цуьнан дозанал арахьа а дехачу эзарнаш адамийн шайн проблемаш дIаяха аьтто хилла, уьш ирсе хилла. Дала диканиг дойла хьуна ахь мел дечу дикачу гIуллакхашна дуьхьал», – яздина Р.Кадыровс.
№37, хӀутосург (май) беттан 19-гIа де