Устрада-ГIалахь даздаран хьолехь дIадаьхьира «Стандарт–С» машенийн-технологийн компани» йоккха юьртабахаман объект схьаеллар.

Предприятис таро лур ю буьртиган ялтийн хIу даккха а, кхио а, ткъа иштта, юьртабахаман сурсаташ кхиош болчеран хьашташ кхочушдан а.
Республикин юьртан бахам кхиорехь доккха маьIна лелон долу объект болх бан йолаялийтарна леринчу даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, «Росагролизинг» акционерийн юкъараллин генеральни директора Косов Павела а.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо хьеший а, даздарийн дакъалацархой а декъалбира керла предприяти болх бан йолалуш хиларца.
«ХIара предприяти болх бан йолаялийтаро, шеко йоццуш, дикка тодийр ду регионан агропромышленни комплексера хьал. Цул сов, керла предприяти схьаелларо таро лур ю республикина оьшуш йолчу юьртабахаман тайп-тайпанчу техникица кхачоян», – элира цо.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира тIеман ши кампани чекхъяьллачул тIаьхьа, регион, социальни а, экономикин а кхиорна оьшуш хиллачул а дуккха кIезиг харжаш къастийна хилла хилар.
«Амма, цуьнга хьаьжна ца Iаш, вай жигара меттахIоттош бу юьртан бахам, юкъаийзош ю инвестицийн харжаш. Цо таро ло и дакъа эвсаре кхион», – бохура республикин Куьйгалхочо.
Цул тIаьхьа къамел динчу П.Косовс тидам тIебахийтира «Стандарт–С» компани схьаелларо регионан агропромышленни комплекс кхиорна дикачу агIор боккха тIеIаткъам бийриг хиларна.
«Предприятина кхачо йина юьртабахаман кхузаманан тоьллачу техникица. Цо таро лур ю буьртиган ялташ кхиор дуккха а алсамдаккха», – элира цо.
Даздарш дIахьочу хенахь, Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна «Сийлахь фермер» цIе елира, юьртан бахам кхиорна йоккха хазна юкъайилларна а, фермерийн бахамашна доккха гIо дарна а.
Кадыров Рамзана даггара баркалла элира Россин ахархойн бахамийн а, юьртабахаман кооперативийн а Ассоциацин президентана Плотников Николайна Нохчийн Республикин куьйгаллин белхан лаккхара мах хадорна.
Д.ПАШАЕВ
№37, хӀутосург (май) беттан 19-гIа де