Нохчийн музейшкахь – мехала гIуллакх

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин Аллей» мемориалан комплексехь «Музейхь – буьйса» хIорашеран акци дIаяьхьира.

Оцу акцин гурашкахь музейн белхахоша, 17 сахьт даьлча 20 сахьт даллалц, тайп-тайпана программаш дIаяьхьира. Царна юкъахь яра концерт, викторина, мастер-классаш.

Иштта, дуьненаюкъарчу исбаьхьаллин искусствон ассоциацин декъашхочун, суртдиллархочун М.Тотхаджиеван а, Соьлжа-ГIалин №2 йолчу берийн исбаьхьаллин школин дешархойн а суьртийн гайтам дIабаьхьира.

Мастер-классашкахь Стринг-Арт техникица, бес-бесарчу тайнашца сурт дилла Iамийра музей баьхкинарш. Истанг тегаран а, декоративниприкладни искусствон а мастер-классаш а дIаяьхьира.

«Музейхь – буьйса» акцехь дакъалецира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу пачхьалкхан галерейн белхахоша а.

Музейезархошна леринчу акцехь дакъалоцуш бара суртдиллархой А.Абдуллаев а, А.Пашаев а, поэташ Х-Б.Борхаджиев а, А.Ахматукаев а, I.Шахбулатовн цIарахчу пачхьалкхан филармонин а, робототехникин, программированин «Робоцентр» туьшан а белхахой.

Нохчийн артисташа концертан программа гайтира, поэташа шайн байташ йийшира, ткъа суртдиллархоша гайтамехь долчу шайн хIора а суьртан къайленах лаьцна дийцира.

Цул сов, «Робоцентр» туьшан белхахоша мастер-классаш елира музейезархошна. Нохчийн Республикин коьртачу музейша хIора шарахь дакъалоцу «Музейхь – буьйса» акцехь.

Иштта, хIоразза а, хьовсархой алсамбовлуш бу, къаьсттина оцу деношкахь.

ВЕГИЕВА Макка
№37, хӀутосург (май) беттан 19-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: