Кху деношкахь Соьлжа-ГIалахь билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Администраци кхоьллина 15 шо кхачар. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Нохчийн Республикин Правительствон председатела Эдельгериев Абубакара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Даудов Мохьмада, кхечара.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон Админстрацин белхахой дезачу денца декъал а беш, вистхилира Р.Кадыров.
– Вайн халкъан дуьхьа аш къахьоьгу 15 шо хан ю. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин накъосташа и хан сиха дIаяхана хилар билгалдоккху. Делахь а, администрацис Iаламат дукха белхаш бина. Ас даггара декъалдо шу. Со тешна ву аш кхидIа а вайн къоман а, мехкан а дуьхьа хьуьнаре къахьоьгург хиларх, – элира цо.
Иштта ша куьйгалла деш йолчу администрацин белхахой декъалбира М.Даудовс а.
– Россин Федерацин Президента Путин Владимира шен Указца Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо хIоттийра Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Иза хала хан яра аьлла ца Iаш, Ахьмад-Хьаьжас ша ца кхоош нийсо а, паргIато а дIахIоттийра республикехь. ХIокху 15 шарахь администрацис дикка белхаш бина. Дакъалоцуш Нохчийчоьнан Куьйгалхо а волуш кхо эзар гергга мероприяти а, ши эзар гергга кхеташо вовшах а тоьхна, дIа а яьхьна. Иштта кхин белхаш бина, – бохура цо.
Шен къамел дерзош, М.Даудовс шайн балха тIехь терго латторна даггара баркалла элира республикин Куьйгалхочунна.
– Сайн а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин массо а белхахочун а цIарах суна даггара баркалла ала лаьа Р.Кадыровна. Цо дика накъосталла до вайна. Ткъа тхо, республика кхиорехьа долу мел хала а тIедиллар кхочушдан кийча ду, – тIетуьйхира М.Даудовс.
Цул тIаьхьа, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо администрацин дика белхахой билгалбохуш Нохчийн Республикин Куьйгалхочун баркаллин кехаташ а, «Къинхьегамехь билгалваларна» сийлаллин билгаллонаш а елира. Ткъа Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочун секретариатан куьйгалхочунна Ибрагимов Мохьмад-Хьабина Кадыровн орден елира.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
№ 64, еара, 11 июнь, 2015 шо