Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна а, Нохчийн Республикин халкъийн Иэсан а, лазаман а денна лерина а паргIатчу кепара охьатохархлатарехула а, боксехула а къийсадаларш дIадаьхьира Гуьмсан кIоштан Жалкхехь.
Росгвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин хьаькам, инарла-майор Делимханов Шарип веанера къийсадаларшка хьажа.
Къийсадаларш дIадуьйладалале вистхилира иза.
«Таханлерчу дийнахь республикин хIора гIалахь а, юьртахь а спортехь кхиамаш бахарна оьшуш долу дерриге а хьелаш ду. Кхузахь дуккха а спортан федерацеш а, клубаш а ю. Дуьненан тIегIанехь кхиамаш баьхна цигарчу спортсменаша. Тахана, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана шен хаддазчу тергонехь латтош ду спортан дакъа, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондан президента Кадырова Айманис оьшуш долу метериально-техникин хьал латтадо спортсменашна, уьш лаккхарчу кхиамашка кхачийтархьама. ХIора спортсмена хьакъ доллучу кепара шен хьуьнарш гойтург хиларх тешна ву со», – элира Ш.Делимхановс.
Латархоша доьналла, толаме кхача лаам, латаран дика техника гайтира.
Толамхошна Кубкаш, мидалш, Сийлаллин грамоташ елира.
Л.ДАУТОВА
№37, хӀутосург (май) беттан 19-гIа де