НР-н гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министра Зайпуллаев Муслима довзийтина къоман проектан гурашкахь республикехь юкъараллин майданаш тояран хьал.
Карарчу шарахь тоеш а, тоян лерина а 70 гергга объект ю оцу декъехь: урамаш, уьйтӀеш, паркаш, сквераш, и.д.кх.а.
Билгалдоккху и белхаш Къоман «ХӀусамаш а, гӀалин хьелаш а» проектан «ГӀалин бегӀийла хьелаш кхоллар» подпроектаца дӀахьош хилар.