Хьалхарчу дийнахь 5 млн сов хьаьжна «Новое Знание» марафонан онлайн-трансляцига

«Новое Знание» марафонан онлайн-трансляцига 5 млн сов хьаьжна хьалхарчу дийнахь.


И марафон 20-22-чуй деношкахь дӀахьош ю, дакъалоцуш Россера 8 гӀала а йолуш: Москва, Санкт-Петербург, Сочи, Калининград, Казань, Новосибирск, Нижний Новгород, Владивосток.
Иза дӀахьош ю 2016-чу шарахь дуьйна оцу декъехь болх бечу «Знание» юкъаралло.

Хьалхарчу дийнахь цуьнан дакъалацархошна хьалха къамел дина Россин Президентан Администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела С.Кириенкос, Россин Президентан гӀоьнчас А.Фурсенкос, Россин Пачхьалкхан думин вице-спикера П.Толстойс, кхечара.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: