Кадыров Рамзан: «Хинболчу харжамашкахь айса дакъалацаран хьокъехь хIинца а сацам ца бина ас»

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIокху деношкахь йоккха кхеташо дIаяьхьира.

Цигахь дакъалоцуш бара Правительствон а, Парламентан а, меттигашкахь шаьш урхалладаран органийн а, нуьцкъалчу структурийн а, динан а векалш.

Кхеташонехь, коьртачу декъана, дийцаре дира регионера эпидемиологин хьал а, ткъа иштта, харжамийн цхьааллин де дIадахьарна кечамбаран, лерринчу секторийн белхан хьокъехь долу гIуллакхаш а.

COVID-19 пандемица доьзна долу хьал довзуьйтуш, къамел дира Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада.

Цо дийцарехь, таханлерчу дийнахь, коронавирусан ун хиларан шеконца больницашкахь дарбалело охьавиллинарг 113 стаг ву. Деза денош чекхдевллачул тIаьхьа, регионехь, кIеззиг алсамдаьлла и цамгар хьакхаялар. 37 стагана гучаяьлла иза. Делахь а, шен хеннахь хьокъала доллу гIуллакхаш дар бахьанехь хьал тодан аьтто баьлла.

Иштта, М.Даудовс хаам бира вайн республике «Спутник V» вакцинин кхин а 81 667 маха беана хиларан хьокъехь.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира эпидемиологин хьолана тIехь чIоггIа терго латтош хилар а, меттигера Iедал, хьал муьлххачу агIор дерзахь а, бан ма-беззара, болх бан кийча хилар а. Амма, цуьнца цхьаьна, цо тидам тIебахийтира профилактикин лехамаш леррина кхочушбан безаш хиларна.

«Коронавирус яржар дуккха а лахдан ницкъ кхаьчна вайн. Оцу кхиаме кхачар бахьана долуш, Россехь, уггаре а хьалха, туьтмIаьжгийн раж дIаяккха аьтто хилла вайн. Делахь а, дагахь латто деза оцу уьнан кхерам хIинца а дIабаьлла цахилар. ХIора а ларвала веза, хIорамма а шена юххерниг а ларван веза. Цундела, ас юха а доьху: ларлуш хилахьара шу. ТуьтмIаьжгийн раж а, вовшашна юкъахь хила еза юкъ а ларъяр тIехь ду вайна», – элира цо.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо лаккхара мах хадийра бархI секторо бинчу белхан. Уьш вовшахтоьхнера республикин экономикин а, социальни дакъа а кхиорехь гIолацийтаран Iалашонца. Уьш кхолларо дика тIаьхье а елла, и гIуллакх дика юкъадаьккхина хилар а гайтина.

«Цуьнца цхьаьна къаьсттина тидам тIебахийта беза ийманехь, оьздангаллехь кхетош кхиорна. Вайн кегийрхошкахь вайн гIиллакхашка, ламасташка, дайн Iадаташка безам кхолла беза, цаьргахь Даймахке, историга, къоман турпалхошка сий-ларам бар, царах дозалла дар кхион деза. Хьалха а санна, коьрта хилла дуьсуш ду вайна лаьттан хама бар, кхоам бар. Лаьттан ког биллал йолчу меттигах а эвсаре пайдаэца беза. Секторийн куьйгалхойн а, меттигашкахь шаьш урхалладаран органийн а белхан мах хадорехь мехала билгало ю инвесторш юкъаозор. Уьш юкъаозорна боккха тидам тIебахийта беза даима а», – элира цо.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГIаласа дийцира харжамийн цхьааллин денна кечамаш баран хьокъехь.

Харжамаш 2021-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 19-чу дийнахь дIахьур бу. Цо дийцарехь, харжамаш кхаа тIегIанехь хир бу: федеральни, регионан, муниципальни.

«ДIаяхьа билгалйинарг харжамийн 193 кампани ю. Хуьйцур болчу депутатийн ерриге а мандаташ 2 163 ю. Цу юкъахь Нохчийчоьнан Парламентан депутатийн 41 мандат ю. Харжамашкахь болх беш 20 территориальни а, 490 куьпан а харжамийн комисси хир ю. 2021-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу денна долчу хьолаца республикехь 751 769 харжамхо ву», – бохура цо.

Р.Кадыровс билгалдаьккхира харжамийн жамIех вайн республикин хиндерг доьзна хилар.

«… Хинболчу харжамашкахь дакъалацаран хьокъехь хIинца а сацам ца бина ас. Халкъана хIун хета а хьаьжна бийр бу иза», – элира цо.

Кхеташонан чаккхенехь Р.Кадыровс Эна-Хишкан кIоштан администрацин керла куьйгалхо Исраилов ИсмаьIал а, кIоштан полицин отделан керла хьаькам Магомадов Хас-Мохьмад а вовзийтира, церан балха тIехь аьтто хуьлийла шена лууш хилар а хаийтира.

Д.АНАДЕВ
№38, хӀутосург (май) беттан 22-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: