«Малхаца дог иркарахIоьттинарш. Кавказан а, Юккъерчу Азин а къаьмнийн декоративни-прикладни искусство а, суьрташ а» цIе йолу боккха гайтам схьабиллина Нохчийн Республикин къоман музейхь.

Россин Федерацин культурин министерствон а, Нохчийн Республикин культурин министерствон а гIоьнца Нохчийн къоман музейс а, Россин Пачхьалкхан музейн-гайтамийн «РОСИЗО» туьшо а цхьаьна вовшахтоьхна бу гайтам.
Гуьржийн а, таджикийн а кхийра хIуманаш, туьйсина хIуманаш, Юккъерчу Азерчу къаьмнийн тайнигаш, иштта, дуккха а куьйгаговзарш ю хьовсархойн кхиэле ехкина.
Кавказан а, Юккъерчу Азин а декоративни-прикладни искусствон а, суьртийн а 138 экспонат ю гайтамехь.
И мехала гайтам схьабоьллуш, дакъалоцуш яра Нохчийн Республикин культурин министран хьалхара заместитель Кадырова Iайшат, Пачхьалкхан музейн-гайтамийн «РОСИЗО» туьшан коьрта Iалашдархочун декхарш кхочушдеш йолу Гагиева Наталья, нохчийн суртдиллархой а, хьеший а.
– Къаьмнашна юкъахь барт, уьйраш чIагIъяран цхьа бахьана ду хIара гайтам. Цул сов, кхечеран культура йовзар а хуьлу. Кадырова Iайшат ша къона елахь а, шен къоман культура кхиорехь яккхий гIулчаш йохуш ю. ХIокху цхьана тховкIелахь вовшахтоьхна дуккха а къаьмнийн культура йовзийтаран гайтам. Цу тIегIанехь дуьххьарлера гайтам бу хIара, – элира Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театран директора Ахмадова Хьавас.
Iилманан а, культурин а программаш кхиоран Ш.Марджанин цIарахчу фондера уггаре а тоьлла экспонаташ а яра гайтаме ехкинарш.
Гагиева Натальяс шен къамелехь билгалдаьккхира Нохчийн Республика, тIеман хенахь музейн дукхах йолу экспонаш хIаллакьхиллехь а, кхечу регионашца юьстича, культура кхиорехь дикка хьалха яьлла хилар.
ВЕГИЕВА Макка
№38, хӀутосург (май) беттан 22-гIа де