Хаьштиг (оьрс.: выдра)

Хаьштигах оьрсаша «выдра» олу. Деха дегI а долуш, стомма ворта а йолуш, боций когаш а болуш, иштта, деха цIога а долуш жима экха ду иза. ДегIан йохалла 70–75 см ю, ткъа цIога – 50 см.

Корта воьда бу цуьнан. Лергаш халла бен гуш дац. ПIелгашна юккъехь пардош ду. Хи чохь нека дан аьтту бо цара. Букъа тIера цIока таьIна албасахь ю, чу-кIело сирла ю цуьнан.

Уьш дуккха ю Кавказехь а, Чоьхьарчу Кавказехь а, ГIажарийчохь а. Хаьштигаш, дукха хьолахь, ламанан хишца а, чалхаш йолчу меттехь а хуьлу. Хин хаьштигаш хуьлу Мартан хица а, Бумматал лакхахьа ЦIечу-Ахка тIекхаччалц, Iаьсца а, Органца а, Каргалинскехь саьнгарш яьхна хиш долчу меттигашкахь а, иштта, Теркан йистошца а.

Хьаштиган лаьттахула лелар меллаша а, партала а ду. Цундела, адамех чӀогӀа къаьхкаш а, ларлуш а лела иза.

Дийнахь лоху цо шена ижу, амма буьйсанна а тӀахъаьлла хьийза иза. Хи чохь нека дан чӀогӀа дика хаьа цунна. Хи бухахь лечкъина дуккха а Iало иза. Цунделла, чIерий а, пхьидарчий а, цул сов, хица хуьлуш йолу садолу хIуманаш а юу цо.

Бердах Iуьргаш а дохуш до цара баннаш. Хин йисттера дуьйна бердаца хьаладоккху хаьштига лаьттах Iуьрг. Бен бечу меттехь мох кхетийта а, садаIа а меттиг йоккху цо.

А.КАНТАЕВ
№38, хӀутосург (май) беттан 22-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: