Декъалдар

Социальни белхахочун денца доьзна Россин

Пенсионни фондан Нохчийн Республикин

Отделенин куьйгалхочун М-Э.Ахмадовн

Декъалдар

Социальни службийн хьомсара белхахой!

Суна лаьа шайн белхан хан чекхъяларе ца хьуьйсуш, аш шаьш шайн ца кхоош, болх барна шуна даггара баркалла ала. Баркалла ала лаьа шу синтем боцуш, баккхийчу нахаца а, берашца а къинхетаме, царах доглозуш, тидаме хиларна. Баркалла шуна шу адамашца кIеда-мерза, гIиллакхе, дика ойла йолуш хиларна, нехан бохаман дакъалоцуш хиларна, девзаш долчу а, девзаш доцчу а адамийн проблемаш а шайн йолуш санна тIеоьцуш хиларна. Баркалла шуна аш зеделларг IаIорна а, шун  корматаллина а.

Зовкхе дахар хуьлда шун а, шун массо а гергарчеран а! Дезачу денца!

Ларамца, Россин Федерацин Пенсионни фондан Нохчийн Республикин отделенин куьйгалхо.

М-Э.Ахмадов

№ 64, еара, 11 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: