Буру-ГIалахь дIаяьхьира Къилбаседа Кавказан регионийн паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Спартакиада.
Цигахь дакъалоцуш бара 7 регионера къона спортсменаш. Кхаа дийнахь дIадаьхьира къийсадаларш.
Цигахь хилла шен дерриге а тасадаларш толамца чекхдаьхна Эльтемиров Хьусайна (61 кг) хьалхара меттиг а, дашо мидал а яьккхира.
Карарчу хенахь Хьусайн кечам беш ву Чувашехь дIахьур йолчу Ерригроссин Спартакиадин финалехь дакъалаца.
З.ШИШХАНОВА
№38, хӀутосург (май) беттан 22-гIа де