ХӀокху деношкахь Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствехь дӀаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира цхьамогӀа мехала гӀуллакхаш.
Кхеташо дӀахьош волчу могашаллаӀалашъяран министра Сулейманов Эльхана хаам барехь, вайн республикехь багийначарна дарбадаран дуьххьарлера туш схьаелла Ӏалашо ю.
Хууш ма-хиллара, 1966-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГӀалин №4 йолчу больницехь болх беш ю багийна дархой тӀеоьцуш а, царна дарбадеш а йолу отделени. Цигахь 45 маьнга бу, царах ах – берашна лерина.
Йоккха туш схьаелларо дархой тӀеэцаран таронаш алсамйохур ю, цул сов, цигахь реанимацин а, тӀеэцаран-диагностикин а отделенеш схьаелла а, алсам белхахой балха схьаэца а аьтто бийр бу.
– Берашна лерина реанимаци схьайиллича кегийчу дархошна оьшуш долу медицинин гӀо дан аьтто хир бу. Карарчу хенахь реанимаци яр оьшуш долу бераш Е.П.Глинкин цӀарахчу берийн клиникин республикин больнице а, Берийн №2 йолчу клиникин больнице а дуьгуш ду, – дийцира Соьлжа-ГӀалин №4 йолчу больницин багийначарна дарбадаран отделенин заведующис Элимбаев Рустама.
Багийначу дархошна лерина йолу республикин туш Соьлжа-ГӀалин №4 йолчу больницехь схьаелла лерина ю.
№38, хӀутосург (май) беттан 22-гIа де