ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIала еара Россин исламан дешаран советан а, Болгар гIаларчу исламан академин а делегаци.

Делегацина юкъахь вара Болгар гIаларчу исламан академин ректоран декхарш кхочушдеш волу Тимерханов Айнур, ГIезалойчоьнан муфтин заместитель, Россин исламан институтан ректор Мухаметшин Рафик, кхиберш.
Делегаци дуьххьара еана яц Нохчийн Республике. Цуьнан Iалашо ю исламан лакхарчу дешаран заведенешкахь дешна бевлларш Болгар гIаларчу исламан академе деша хьовсор, цигарчу исламан академехь дешна бевлларш балха хIитторехь гIо-накъосталла дар, Кавказан лакхарчу дешаран заведенийн тоьлла болу хьехархой, визит-профессорш санна, «Визит-профессор» цIе йолчу академе бахийтар, Iеламнехан кхеташо кхолларца доьзна долу гIуллакх дийцаре дар.
Хьеший цхьаьнакхийтира Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин исламан университетан ректорца Мутушев Ӏабдурахьимца а, оцу университетан хьехархошца а, студенташца а, Нохчийн Республикин муфтица Межиев Салахь-Хьаьжица а.
Иштта, Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь делкъа ламаз а дира цара, цул тIаьхьа уьш хилира Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цIарахчу Шеларчу маьждигехь а, Кадырова Айманин цIарахчу Устрада-ГIаларчу маьждигехь а.
Нохчийн Республикин Бусалбанийн динан урхаллин председательца Межиев Салахь-Хьаьжица хьешийн хиллачу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Нохчийн Республикехь дин Iаморан а, ийманехь кхетошкхиоран а декъехь долу хьал.
«Хьеший хилира республикерчу динан объекташкахь а, хьуьжаршкахь а. Шайна гиначух баккхийбеш бара уьш. Делегацин декъашхоша Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна баркалла элира Ислам дин кхиорна юкъа цо дакъа дилларна. Цара билгалдаьккхира оцу декъехь Нохчийн Республикина зеделлачух шаьш пайдаоьцург хилар. Иштта, цара хаийтира динан а, кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран а гIуллакхашкахь вайца цхьаьна болх бан шаьш лууш хилар а. ХIара тайпа цхьаьнакхетарш дIадахьаро ерриге Россин бусалбанийн юкъара доттагIаллин уьйраш чIагIйо. Иштта, цо гIо до экстремизмаца а, терроризмаца а къийсам латторехь, бусалбанашна юкъахь барт а латтабо, вайн халкъийн дуьхьа цхьаьна къахьега таро а ло», – элира Нохчийн Республикин муфтис.
Цул тIаьхьа Россин исламан дешаран советан а, Болгаран исламан академин а делегаци ГIалгIайн Республике яхара.
I.МУРТАЗОВ
№38, хӀутосург (май) беттан 22-гIа де