Кестта вайн а хир ю электростанци

ges_itum_kale_2015

Де-дийне даларца  керл-керла гIишлош йо вайн республикехь. Регионан шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь хIора дийнахь бохург санна гучубуьйлу промышленностан, культурин, дешаран, могашалла Iалашъяран, динан, социальни керла объекташ схьаелларан хьокъехь болу хаамаш. Оцу керлачу гIишлойх ю Итон-Кхаьллан районерчу Кхокхада юьрта юххехь Орга хи тIехь йиллина йолу жима ГЭС. Билгалдеш ду иза августехь болх бан йолаялийтар. ТIамал тIаьхьарчу муьрехь йина Нохчийн Республикехь электроэнерги йоккхуш йолу хьалхара объект хир ю иза. Цунах лаьцна дийцира Нохчийн Республикин промышленностан, энергетикин министран заместитела Матаев Тамерлана.

«ТIемаш хилале хьалха республикехь  болх беш яра электроэнерги йоккхуш йолу 4 станци: Соьлжа-ГIалахь – кхоъ, Аргунехь – цхьаъ. Уьш хьалхара тIом болчу хенахь йохийра. ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа Аргунера  ТЭЦ-4 меттахIоттийра. Амма 1999-чу шарахь юха а тIемаш дIабуьйлабелча, иза  йохийра. ХIетахь дуьйна электроэнерги йоккхуш цхьа а станци  яцара республикехь. Цул тIаьхьа ялхийтта шо даьлча вешан электроэнерги яккха дуьйлалуш ду вай. Кхокхада юххехь йолу ГЭС 23-чу августехь болх бан йолаялийта билгалдеш ду», – элира министран заместитела.

Итон-Кхаьллан районехь болх бан йолайолуьйтуш йолчу ГЭС-н проект меттигерчу говзанчаша хIоттийна ю. ГIишлошъяран белхаш дIабаьхьира республикин бюджетан ахчанийн чоьтах.

ГЭС йина яьлла. Карарчу хенахь къастош ду станци болх бан йолаялийтарна оьшуш долу цхьадолу юридически гIуллакхаш. Иза шеран ерриге а хенашкахь цхьанаэшшара болх беш хир ю. Кхечу дуккха а ГЭС-шкахь электроэнерги яккхаран барамаш шеран хенех бозуш бу. Амма Орга хин башхалло таро хуьлуьйту шеран муьлххачу а хенахь цхьанаэшшара 1,3 МВт нуьцкъалаллица электроэнерги яккха. Кхокхадахь йолчу станцис цхьана барамехь латтор бу сеташкахь болчу электроэнергин ницкъ.

Билгалдаккха деза республикехь ян йолийна гIишлош сихха йина йовлийтар г1иллакх хилла д1ах1оьттина хилар. Иза вайн республикин куьйгалхойн белхан дика аг1о ю. Дукха дах ца дира Кхокхадахь ГЭС яр а. Иза ян йолийра дIадаханчу шеран сентябрехь. Ян йолийна шо а кхачале болх бан кийча ю иза.  Болх бан йолаелча иза Нохчийн Республикин исторехь электроэнерги йоккхуш а, IаIош а йолу дуьххьарлера объект хир ю.

С.МАМАЕВ

 № 64, еара, 11 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: