Вайн ялтийн майданашка керла 40 комбайн араер ю

ХIутосург (май) беттан 15-чу дийнахь, Устрада-ГIалахь, машенийн-технологийн «Стандарт–С» компани даздаран хьолехь схьайоьллучу хенахь, цунна дIаелира ялташ хьакхаран-чудерзоран 40 комбайн.

ХIокху шеран ялташ чудерзоран муьрехь республикин ялтийн аренашка арайоккхур ю «ACROS–550» 30 а, «VECTOR–410» 10 а комбайн.

«Ростсельмашан» векалша дийцарехь, вайн регионна юьртабахаман техника йохкаран хьокъехь барт бира Нохчийн Республикин Правительствон делегаци дукха хан йоццуш Дона-тIерачу-Ростове яханчу хенахь.

Цигахь хиллачу цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхира «Ростсельмашан» комбайнаш чIогIа дика хилар а, Iаламан-хенан-хIоттаман муьлххачу а хьолехь оцу комбайнашка, ялтийн дараш ца хуьлуш, болх болуш хилар а.

Латта семса я чIогIа хиларо а новкъарло ца йо комбайнашна ялташ чудерзорехь. И дерриге а хьесапе а эцна, сацам бира Нохчийчоьнан агропромышленни комплексана «Ростсельмашера» техника эца.

Нохчийн Республикин юьртан бахаман болх кхиаме хилийтарехь хIинцца болх бан йолалуш йолчу машенийн-технологийн «Стандарт–С» компанис мехала маьIна лелориг хилар чIагIдира «Ростсельмашан» коммерцин директора Швейцов Алексейс.

Цо баркалла элира вайн республикин правительствона юьртана модернизаци яран гIуллакхашкахь дуккха а шерашкахь шайца, тешам а болуш, болх барна.

«Машенийн-технологийн «Стандарт–С» компанехь «Ростсельмашан» комбайнех парк вовшахтухуш хилар а бIаьрла масал ду республикин агропромышленни комплексан а, тхан предприятин а юкъаметтигаш дика хиларна. Оха шен хеннахь а, лаккхарчу дикаллица а кхочушбо республикина комбайнаш дIакхачоран декъехь бина тIелаццамаш. Наггахь билгалйинчу хенал хьалха а дIакхачайо оха уьш», – бохура А.Швейцовс.

Керлачу технике лаккхарчу эвсараллица болх байтархьама, «Ростсельмаша» дилерийн «Югром» туьшаца цхьаьна «Стандарт–С» компанин кертахь вовшахтоьхна тIаьхьалонан меженийн а, коьчалийн а йоккха склад. Цу чохь масех миллион соьмана тIаьхьалонан меженаш а, гIирсаш а бу.

Цуьнца цхьаьна, вовшахтоьхна сервисан инженерийн каде бригадаш. Ялташ чудерзоран мур чекхбаллалц комбайнийн дикаллина, цара бечу балхана тIехь терго латтор ю оцу бригадаша.

ТIедогIучу кIиранах дIадолор ду кхузаманан комбайнашна тIехь болх бийр болу механизаторш Iамор. И болх дIахьур бу Нохчийн Республикин юьртан бахаман Iилманан-талламан институтан ГIойтIарчу базехь.

Машенийн-технологийн компанин (МТК) механизированни подразделенин куьйгалхочо Бутаев Куьйрас дийцарехь, керла комабайнаш а, техника а эцаро таро лур ю агротехникин уггаре а тоьллачу хенахь ялташ чудерзор чекхдаккха а, белхан дикалла а, эвсаралла а лаккхара хилийта а.

«Тхан МТК тайп-тайпана ораматаш кхиочу майданашкахь болх беш хир ю. Республикин юьртабахаман предприятешна зеделларг хьесапе а эцна, оха хаьржинарш «ACROS–550» а, «VECTOR–410» а комбайнаш ю. Дуга чудерзо кхин а пхи комбайн тхайна езарг хилар дIа а хаийтина оха «Ростсельмашан» векалшка», – бохура К.Бутаевс.

Д.ПАШАЕВ
№39, хӀутосург (май) беттан 26-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: