Туризман а, дика садаIаран а «Шашлык-Машлык» халкъашна юкъара йоьалгIа фестиваль дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь.

Россин гастрономин тоьллачу 10 хиламах лоруш ю иза. Фестивалехь дIадаьхьначу гIуллакхашна юкъадогIура грила а, барбекю а тIехь кхачанаш кечбаран мастер-классаш дIаяхьар, спортан къийсадаларшкахь яхь къовсар, культурин-самукъадаккхаран программа, ретро-автомобилийн гайтам вовшахтохар.
Фестивалан коьрта хилам бара «кхачанаш кечбаран къовсам». Цигахь цIеяхханчу кхачанхоша (повар) шашлык кечъярехь шайн говзалла гайтира.
Кхачанийн дезачу дийнан гурашкахь вовшахтоьхнера «Визит Чечня» цIе йолу гайтам. Оцу гайтамехь шайн таронаш йовзийтира Нохчийчоьнан гIалийн а, кIоштийн а векалша.
«Кхачанаш кечбаран къовсамехь» дакъалецира вайн республикерчу, ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу, Дагестанерчу, Чувашерчу, Липецкан областерчу, Ставрополан махкарчу кхачанхоша.
ГIуллакхна охIла йолчу жюрина юкъахь бара Россин тайп-тайпанчу субъекташкара цIеяххана болу говзанчаш. Цара уггаре а чомехь а, дика а лерира нохчийн «Къоьзан Iам», «Караван-Сарай» ресторанийн кхачанаш. Хьалхарий, шолгIий меттигаш царна елира. СовгIатан кхоалгIа меттиг Липецкан областерчу хьешашна елира.
Нохчийчоьнан муниципальни цхьаьнакхетараллашна юкъахь къаьсттина дIаяьхьначу номинацехь толамхой хилира Курчалойн кIоштан векалш.
Суьйранна, Соьлжа-ГIалин урамашкахула а, проспекташкахула а вилспетахь волалучу хенахь, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а кхечира фестивале.
Цо къамелаш дира гIалин хьешашца а, бахархошца а, иштта, хьаьжира говзанчаша кечбинчу кхачанашка а, куьйгаговзанчаша йинчу хIуманашка а, муш дIаса ийзош дIахьочу къовсаме а.
Регионан Куьйгалхочо лаккхара мах хадийра фестивалан, иза вовшахтоьхначарна баркалла а элира.
Д.ПАШАЕВ
№39, хӀутосург (май) беттан 26-гIа де