«Ищерски – Оьрза-ГIала» некъ тобан болийна

Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министерствон пресс-службо дийцарехь, «Кхерамза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь дIадолийна регионан маьIна долу «Ищерски – Оьрза-ГIала» некъан 59,5–62,5 километрера дакъа (объектан юкъара йохалла 3 километр ю) тодар.

Кхузахула дӀасалелаш дуккха а машенаш хуьлу. Цул сов, оцу некъо Шелковски а, Невран а кӀоштийн ярташ республикин пачхьенаца цхьаьнаюзу. И бахьана долуш, некъ тобар, республикин некъийн сетана къаьсттина мехала ду.

ООО «МКАД» компанийн белхахоша а, говзанчаша а «Кхерамаза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь дIахьур бу некъ тобаран белхаш.

Цара дийцарехь, латта семса, кIеда долчу меттигашкахь пайдаоьцур бу «геосетканех». Некъаш тодарехь, тIехулара чкъор ца эккхийта лелош ю тоьллачу технологех йолу и материал.

Цо аьтто бийр бу, некъан дикалла лакхара хилийта а, иштта, хаддаза а, кхерам боцуш а, машенаш шина а агӀор дIасалелийта а.

Цул тӀаьхьа, силаман керла чкъор а дуьллуш, серлонан чиркхаш а тосуш, иштта, некъан билгалонаш а хӀиттош, дӀаберзор бу некъ тобаран белхаш. Иштта, некъан бохалла машенийн дIахIуттийла а тойийр ю.

Дагадоуьйту, дӀадаханчу 2020-гӀа шарахь «Кхерамаза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь, «Ищерски – Оьрза-ГIала» некъан кхин а ши дакъа тодина хилар (шайн юкъара йохалла 8,8 километр а йолуш).

№39, хӀутосург (май) беттан 26-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: