Санаторин белхан лаккхара мах хадийра

НР-н могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан хӀокху деношкахь Шуьйтан кӀоштарчу ЧӀишкахь йолчу Берийн туберкулёзан республикин санаторехь хилира.

Министра оцу учрежденехь цомгашчу берашна медицинин гӀо даран а, дарбалелоран-диагностикин отделенин белхан а, санаторин техникица кхачояран а хьелаш теллира.

Циггахь, цомгашчу берашна лерина йина йолчу школехь а хилира министр.

Дешаран кабинеташка а, актови а, гимнастикин а, тренажерийн а залашка а хьожуш, бераш дӀадийшоран а, царна кхача латторан а хьелаш теллира.

Санаторин говзанчех дагаволуш, берашна оьшуш долу медицинин а, реабилицацин а гӀо даран, царна товчу агӀор садаӀар тодаран а хьокъехь долу цхьамогӀа гӀуллакхаш дийцаре а дира.

– Санаторин болх берийн могашалла чӀагӀъярна лерина бу, бераш туберкулёз цамгарх тодан, цамгар гена ца йолуьйтуш, цунна оьшуш долу дарбанаш лелор коьрта а долуш. Санаторехь берашна медицинин а, реабилитацин а гӀо даран хьелашна реза хилира со. Дарбалелоран-профилактикин а гӀо дарехь оьшуш долу хьехарш а дира, – билгалдаьккхира Э.Сулеймановс.

ЧӀишкахь йолу Берийн туберкулёзан республикин санатори 150 маьнгана лерина ю.

Цомгашчу берашна дарбалелорна а, садаӀарна а оьшуш долу дерриге а хьелаш ду цигахь.

Берийн 2 отделени а, рентгенан кабинет а, клиникин-диагносткин лаборатори а, физиокабинет а, ингаляторин а, стоматологин а, УЗД-н а кабинеташ а ю.

№39, хӀутосург (май) беттан 26-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: