Соьлжа-ГӀалин мэрин пресс-службо бинчу хаамца, пачхьенерчу Ахьмадан кӀоштан Мичуринан цIарахчу урамехь (юкъара йохалла 2 километр сов ю) тобаран белхаш чаккхенга бахана.

Цигахь, 12 910 квадратан метр силаман керла чкъор дуьллур ду. Цул тӀаьхьа, некъан 160 билгало а хӀоттош, берзор бу некъ тобаран белхаш.
Цул сов, урамехь 6 пурхала билгало а йийр ю, машенаш чехка цахехкийта. Юкъарчу суьртаца догIуш долу гӀашлойн некъаш а дохкур ду.
Автомобилийн некъийн министерствон белхахоша а, говзанчаша а, «Кхерамаза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь беш бу тодаран белхаш.
Юкъараллин тергамхоша теллира тобечу некъан хьал. Цара билгалдаьккхира шайна тӀедехкинчу декхаршца белхалой дика ларош хилар.
Пачхьенан цхьадолчу урамашкахь тобаран белхаш чекхбаьлча, машенаш дIасаяхар аттачу дер ду.
Карарчу шарахь «Кхерамаза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь Соьлжа-ГIалара 47 урам тобийр бу, шайн юкъара йохалла 54,6 километр а йолуш.
А.КАНТАЕВ
№39, хӀутосург (май) беттан 26-гIа де