Политикин «Единая Россия» парти а, совдегарийн юкъаралла а керлачу кепара гӀо-накъосталла дан лерина жимачу а, юккъерчу а бизнесна.
Оцу Ӏалашонца партин векалша цхьаьнакхетар дӀадаьхьна хьалххе электронни кхажтасарехь дакъалоцучу кандидаташца а, политикица дог-ойла йолчу совдегаршца а.
Цигахь цхьамогӀа ойланаш йовзийтина гулбеллачара, шайн могӀарехь дукхахъерш тӀе тидам бахийта а, кхочушъян а хьакъ а йолуш:▪️Шаьш кхиийна сурсаташ билггал къастийна йоцчу меттигашкахь а фермершка дохкийтар;▪️Ӏедалера гӀо-орца оьшучу совдегаршна «тӀера» бюрократи дӀаяккхар;▪️Лицензеш яхаран гӀуллакх атта дар;▪️Бизнесна таллам бечу муьрехь кхачамбацаршна тухуш долу хьалхара гӀуда кхачамбацарш дӀадахаран тӀедилларе дерзор.
Уьш а, цхьаьнакхетаран дакъалацархоша йовзийтина кхийолу ойланаш а, таллам а беш, «Единая Россия» партин харжамашна леринчу программина юкъаяхийта лерина.