Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 70 шо кхачарна сийнна Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь Рамадан баттахь Iуьйран ламазе ихначу 70 берана вилспеташца совгIаташ дина.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Регионан юкъараллин фондан чоьтах эцна ю берашна елла чехка вилспеташ.
Уьш царна дIаелира физически культурин, спортан, кегийрхойн политикин министра Кадыров Хьамзата.
СовгIаташ даларца уьш декъал а беш, цо билгалдаьккхира цу тайппана гIуллакх хIора шарахь дIахьуриг хилар.
Берриге а Рамадан баттахь маьждига чуволлучохь лаьтташ Нохчийн Республикин спортан министерствон белхахой хуьлура, маьждиге доггаха оьхуш долу бераш билгалдахархьама.
Министран заместитела Ибрагимов Iийсас билгалдаккхарехь, вилспеташ елла Iуьйран ламазе, юкъах ца дуьйлуш, схьаихначу берашна.
Иштта, цо хаийтира оцу гIуллакхан Iалашо кегийрхошкахь оьздангаллин мехаллаш а, ийман а чIагIдар хилар.
№40, хӀутосург (май) беттан 29-гIа де