Республикерчу къоначу 255 доьзална гIо дина

«Къона доьзалш» программа кхочушъяран гурашкахь Нохчийн Республикерчу къоначу 255 доьзална шайна хIусамаш эца ахчанца гIо дина. Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствехь.

«ХIокху шарахь республикерчу къоначу 255 доьзална гIо дина шайна хIусамаш ян я уьш эца. Къоначу доьзалийн гIолацаран гIуллакхаш министерствос кхочушдо «Къоначу доьзалшна хIусамашца кхачояр» подпрограммин гурашкахь», – дийцира министерствехь.

ТIедогIучу шарахь оцу программехь дакъалацаран квота 2021-чу шеран чаккхенехь йовзуьйтур ю.

Программехь дакъалаца йиш ю 35 шарал лакхара хенаш йоцчу хIусамдайн, иштта, нагахь санна ,хIусамашка хьашто йолуш уьш лерина белахь.

Министерствехь, иштта, хаийтира, пачхьалкхо гIо керлачу хIусам чу баха луучарна массарна а деш цахилар.

Къаьсттина халачу хьелашкахь бехачу доьзалшна луш ду сертификат. Царна юкъабогIу хIусам аренде оьцуш берш, законо хIоттийначу барамал лахара хIусаман квадратура ерш, кхерамазаллин а, аьттонан а хьелаш хьокъалла доллучу кепара доцурш.

№40, хӀутосург (май) беттан 29-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: