Соьлжа-ГIалара Симферополе хIаваакема лелар ду

Керл-керлачу гIаланашка хIаваакеманийн некъаш схьадоьллу Нохчийчуьрчу «Вайнахавиа» предприятис. ХIинца 15-чу июнехь дуьйна Соьлжа-ГIалара хIаваакема лелар ду Симферополе. Кеманаш кIиранах шозза гIур ду цига: оршотдийнахь а, пIераскандийнахь а. Ткъа цигара схьадогIур ду кхаариндийнахь а, кIирандийнахь а.

Цул совнаха, авиакампанис Россин «ЮТ-Эйр» авиакампаница барт бина Соьлжа-ГIала – Санкт-Петербург авиарейсаш  яран хьокъехь. Цунах лаьцна дийцира «Вайнахавиа» предприятин генеральни директора Гамбулатов Султана.

Цига цкъа дахана кема. ТIейог1учу хенахь оцу авиакампанин кеманаш лела тарлуш ду Соьлжа-ГIалара Москва а. Цул совнаха, барт хилла «Ют-эйран» кеманаш Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь латтаран хьокъехь. Уьш лелар ду Екатеринбурге а, Тюмене а, ткъа иштта Къилба Федеральни округан ерриге а яккхийчу гIаланашка а.

«Вайнахавиан»  кеманаш ширдаларца доьзна билгалдеш ду авианекъашна кхечу авиакампанийн кеманех пайдаэцар. Карарчу хенахь Соьлжа-ГIала – Москва-Домодедово лелаш  ду 2014-чу шарахь дина долу керла Суперджет SSJ-100 кема.

«Авианекъашкахь муьлха кеманаш лелар ду, хIинца а билггал къаьстина дац, амма 120 меттиг йолу А-319, я А-320 аэробусах пайдаэцарна тIехь ойла соьцуш ду тхо. Ишттачу шина кемано юьззина кхачо йийр ю тхан хьашташна», – элира С.Гамбулатовс.

С.РУСЛАНОВ

 № 64, еара, 11 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: