«Эзар мукъам» а, «Нохчийн даарш» а книгаш йовзийтира

Массех шо хьалха дара, вайн «Даймохк» газетан агIонехь Нохчийн Республикин халкъан поэта Рашидов Шаида язйина «Да-нана доцу иллеш» статья зорбане яьлча. Шаида цу тIехь дуьйцура, тIом дIабаьллачу муьрехь дуьйна а, вайн махкахь я дешнийн а, я мукъамийн а автор мила ву а ца хууш, декаш, тамашийна а, дукха хьолахь, маьттаза а, шайх иллеш ала хьакъ доцу йир-гIовгIанаш алсамйовлуш хиларх шена, ша санна, къоман бакъйолчу культурех доглозучу нахана хуьлучу цатомах лаьцна.

Нохчийн халкъ иллин мах а хууш, шен илланчийн сий а деш хилла ду даима а. Хетарехь, кхул тIаьхьа, вайна, цхьадика, кхин хезар дац цхьа а «буобер-илли»! И кхачамбацарш дIадохуш Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца чIогIа къахьегна Нохчийн Республикин культурин министерствос.

ХьастагIа, А.Айдамировн цIарахчу республикин Къоман библиотекехь Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшан говзанчаша вовшахтоьхна «Эзар мукъам» а, «Нохчийн даарш» а книгаш йовзийтарехь, цхьа а шеко ца йисира нохчийн иллеш а, цхьадолчу декъана вайн къоман кхача а шайн цIаберзийна хиларх.

Книгаш йовзийтар хилла ца Iаш, дийнна кхоллараллин суьйре аьлча а сов хир доцуш, хаза цхьаьнакхетар дара иза. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь культурин декъехула йолчу Кхеташонан председатель Усманов Iарби, Россин Федерацин культурин хьакъволу белхахо, Халкъан кхоллараллин туьшан директор, композитор Даудов Рамзан. Иштта, вайн республикин культурин а, искусствон, литературин а, дешаран а интеллигенцин векалш а, кегийрхой а.

Дааев Хож-Баудис билгалдаьккхира кху тIаьхьарчу шина шарахь Культурин министерствос Халкъан кхоллараллин туьшаца цхьаьна доккха маьIна долу республикин къоман 3 проект кхочушъеш хилар. Уьш ю: «Эзар мукъам» а, «Нохчийн даарш» а книгаш, вовшахтоьхна, арахецаран а, Нохчийн махкахь мел йолу материальни йоцчу культурин тIаьхьалонийн объектийн реестр хIотторан а проекташ… Хож-Баудин дешнашца аьлча, «Синан кхача илли ду, дегIан кхача къоман даар ду».

Хууш ма-хиллара, вайн махкахь тIемаш болчу хенахь а, цул тIаьхьа даьхкинчу чолхечу шерашкахь а вайн къоман культурина боккха эшам хиллера.

Кхечу халкъийн векалша нохчийн илли шайн къоман ду олий дола доккхура, вайн наноша кечбеш хиллачу кхачанашна а, шайн маттахь цIераш тохкуш, къоланаш дина карадора. ХIинца, ишттачу нахана некъаш къевлина юьйцуш йолу ши книга арахецарца.

«Эзар мукъам» 6 томах лаьтта ноташкахь язйина книга ю. Оцу музыкин гуларна юкъа дахна нохчийн иллеш, узамаш, назманаш, къинхьегаман а, синкъераман а хенашкахь дIалокхуш хилла эшарш, цул сов, берийн а, мехкарийн а эшарш а, халкъан барта иллеш а, СССР-н Композиторийн Союзан декъашхойн говзарш а, авторийн иллеш, эшарш а. Книга пайдехь хир ю музыкин колледжийн а, школийн а хьехархошна а, дешархошна а, кхитIе а долчу дешаран школийн говзанчашна а, иллеш дезачу нахана а.

«Нохчий даарш» книга нохчийн къоман кхачанийн токхо йовзуьйтуш а, кхачакечбар хьоьхуш а, дуьнен чохь мел болчу нохчийн зударшна а, вайн мехкан хьешашна а йовза луур долуш хаза вовшахтоьхна, цкъачунна электронни кепехь книга ю (иза цхьана юкъанна тIеюзуш латтор ю).

Культурин министра Дааев Хож-Баудис даггара баркалла элира нохчийн къоман культура кхиорна а, Iалашъярна а йоккха хазна юкъаюьллуш къахьегначу Халкъан культурин туьшан директорна Даудов Рамзанна а, ерриге а коллективана а, оцу мехалчу гIуллакхна шайн хаарш, хан ца кхоош къахьегначу массарна а.

Нохчийн къоман культурин ветеранаша Усманов Iарбис а, Мальсагов Доккас а, Шахбулатова Зайнапа а билгалдаьккхира «Эзар мукъам» а, «Нохчийн даарш» а книгаш вовшахтоьхна, уьш нохчийн халкъана, тIаьхьарчу тIаьхьенашна охьаяхкар санна боккха болх, шаьш культурин хьаьрмахь къахьоьгуш даьккхинчу 50 шарахь, шайна дуьххьара гуш хилар.

Шайн рогIехь книгех а, бинчу балхах а лаьцна хаза дешнаш элира Нохчийн Республикин хьакъболчу журналисташа Газиева Азас а, Юсупов Руслана а, Цуруев Шарипа а, культурин хьакъйолчу белхахочо Юсупхаджиева Азас а, кхечара а.

Книгаш йовзийтаран суьйре хазъеш, иллеш, эшарш хазийра республикин эстрадин артисташа Абдурашидова Кузанис а, Межидов Сахьаба а, Исмаилов Ризавдис а.

З.ХИЗИРОВА
№40, хӀутосург (май) беттан 29-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: