Дерриге а дуьне, адам, жил-Ӏалам, Ӏадийна, дӀатийнера коронавирусан ун даржа доладеллачу хьалхарчу деношкахь.

Я хьайх, я хьайн йиш-вешех, лулахойх хӀун хир ду ца хууш, тӀеман бала бицбеш, сингаттаме хиллера уьнан бала боссар. Телефонна, интернетан сеташна уллера а гена вала лаьара хӀетахь. ХӀун хеза ца хууш еха яра хӀора йогӀу минот.
Кхийолу цамгар хьан йиша-ваша я нана шен бере хьажа йиш йолуш атта юйла хиира оцу муьрехь. COVID–19 уьно гайтира ша мел вехаш а хиларх, ша мел даржехь а хиларх ша экаме, гӀийла адам бен доцийла. Хьан Дела а, хьо а …кхин цхьа а вацара, я хӀумма а дацара коьрта.
Уьнах велларг цуьнан верасийн шайн дӀаволла дийзира, тезет ца хIоттош.
Селхана могаш хилларг тахана кхалхарна, доӀанна юкъа лоцуш, йиш йоьхна дара 2020-гӀа шо. Урамашкахула дӀасауьду «Сихачу гӀоьнан» машенаш…
Цара доху мохь-орца. Берашна ца хаьара шаьш чохь хӀунда латтадо. Лулахо лулахочух уьдуш санна хеталора. Дуьххьара хилла ойла: «Вай пусар ца дира Дала деллачу ниӀматийн. Вайн ринжанаш дӀадаьхна, 4–5 метр лекха гIаьпнаш-керташ йоьттира вовшашна юккъе».
Бахаммогашалла а, адам а, маршо а яра. Могашалла – вайна делла дахар, цунах цхьаннах Далла хастам беш даха а тоьар доцуш, деза совгӀат хиллера!
Бакъ долуш, оцу муьрехь республикин Куьйгалхо аьлла дитар кӀезиг а хеталуш, Кадыров Рамзана ша шен Мехкада хилар дуьненна а гайтира. ХӀора доьзална сагӀа кхечира оцу муьрехь. Молха-механ биста кхаччалц, мел оьшуш дерг латтийра.
Ткъа нохчийн лоьраш! Царах иллеш хьовха, назманаш яха хьакъ дара! Беттанашкахь шайн доьзалш ца гуш, буьйшу мотт палатийн цӀенкъеш йолуш, цара даьккхина гӀазот Дала къобалдойла церан! Вайниг санна жимачу халкъана цхьа лор дӀавалар а боккха иэшам бара. Ткъа уьш, халкъана беркате, халкъана оьшуш болу нах, шаьш а дукха дӀабевли оцу уьнах.
Кхечу, керстанаш болчу пачхьалкхашкахь хуьлуш дерг гуш, кхин цкъа а доггаха Далла хастам бора вай бусалба хиларна, вайца къинхетаме хиларна, вай нохчий хиларна. ЦӀарна гуонаха хьаьвзина полла санна, кхетий ца хууш, сиха вагавой дӀавоккхура уьно. Ун хьакхаделлачу деношкахь хуьлуш хилла ойланаш гӀийла яра. ДегӀера гӀора, юучун чам дIаболий гӀелвора цо.
Дахарна чот етта волавелча, хьан уггаре а са кхерош дерг: «Ма кӀезиг бу ас бина кечам. Ма кӀезиг ю ас Далла тӀеяхьа кечйина Ӏамалш», – аьлла хетара.
«Нах сох уьдуш бу. Со царна дегаза ву» – аьлла хетачу дийнахь «Со Далла веза. Делан къинхетамах дог ца дуьллу ас. Дала вицвийр вац со»,– аьлла хетаран боккха кхаъ, сирла синъайам бара.
Аганара лаьтта охьадуссу бер санна, юхакогадаха долалора адам. Дуьнен чохь мел дерг кхечу кепара гора. Малх, хӀаваъ, хи, догӀа, лулахоша еш йолу гӀар-тата а хьоме яра хӀинца. Тахана маьрша ду вай. Ткъа меллалц? Дика хууш верг АллахӀ ву. Дала хӀокху диканах ма дохийла вай.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№40, хӀутосург (май) беттан 29-гIа де