Нохчийчоьнан бахархоша жигаралла гайтира юьхьанцарчу кхажтасарехь

Россин Пачхьалкхан думин а, Нохчийн Республикин Парламентан а, Соьлжа-ГIалин Думин а, ткъа иштта, 2 гIалин а, 14 кIоштан а, 173 юьртан а депутаташка «Единая Россия» партин кандидаташ билгалбахаран юьхьанцара кхажтасар дIадаьхьира Нохчийчохь.

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира и мехала гIуллакх дIадахьарехь республикин бахархоша шайгара йоккха жигаралла гайтина хилар.

«ЧIогIа хазахоьтуьйтуш ду оцу мехалчу гIуллакхехь республикин бахархоша жигара дакъалаьцна а, кхажтасаран тIегIа лаккхара хилийтарна кхачойина а хилар. И бахьанехь Нохчийн Республикехь харжамхойн электоральни жигаралла Россин Федерацин субъекташна юкъахь уггаре а лакхара йолчарах цхьаъ ю. Деккъа цхьана оцу бакъдолчо а тоьшалла до, тIе а чIагIдо республикехь Iедале боккха тешам хилар», – билгалдаьккхира цо.

Нохчийчохь дӀабахьначу юьхьанцарчу кхажтасарехь дакъалецира 212 996 стага, царах 19 903 стага лерринчу платформехь электронни кхажтесира. Ткъа 193 093 стаг, шайн граждански хьежам а, лаам а гайта, харжамийн каппашка вахара.

«Ас даггара баркалла боху Нохчийн Республикин бахархошна. Цара шайн жигараллица бIаьрла дIагайтира нохчийн юкъараллин цхьаалла хилар, барт хилар, чоьхьарчу юкъараллин-политикин хиламех дог лозуш хилар», – дерзийра Кадыров Рамзана.

Хууш ма-хиллара, хIокху шеран товбецан беттан 19-чу дийнахь Россехь дIахьур ду харжамийн цхьааллин де.

Оцу дийнахь харжамаш бийр бу Iедалан дерриге а тIегIанашка депутаташ а, субъектийн куьйгалхой а хоржуш.

Оцу мехалчу гIуллакхна доккхачу жоьпаллица кечамаш беш ю Нохчийчоьнан харжамийн комисси.

Д.ПАШАЕВ
№41, асаран (июнь) беттан 2-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: