Бахархоша хаамийн технологех а, хаамийн-телекоммуникацийн сетех а пайдаэцарна лерина семинар-кхеташо дӀаяьхьна Соьлжа-ГӀалахь дIабаханчу беттан 25-26-чуй деношкахь.

Росстатан а, Къилбаседа-Кавказан а, Къилбан а федеральни округашкарчу субъекташкахь йолчу Пачхьалкхан статистикин федеральни службин органийн а векалша дакъалаьцна цигахь.
Семинаран дакъалацархошна довзийтира лакхахь хьахийначу шина а федеральни округехь 2020-чу шарахь дӀабаьхьначу талламийн жамӀаш а, карарчу шеран Ӏалашонаш а.
Пачхьалкхан «Хаамийн юкъаралла» программин гурашкахь дӀахьош болу и талламаш доккха маьӀна долуш бу, хӀунда аьлча, цуьнан буха тӀехь хӀоттош ду бахархоша терахьийн коммуникацех пайдаэцаран а, хӀора а субъектехь Интернетаца кхачо хиларан а, пачхьалкхан а, муниципалитетийн а хьашташ хаамийн технологийн гӀоьнца кхочушдаран а сурт.
Нохчийчоьнан цӀарах цигахь дакъалоцуш вара Экономикин а, мохк кхиоран а, махлелоран а министр Б.Сатуев а, Транспортан а, зӀенан а министран заместитель М.Ӏабдул-Вахабов а, Чеченстатан куьйгалхо Р.Дигаев а, республикехула Коьрта федеральни инспектор волу Л.Джунаидов а.
И.ИСЛАМОВ
№41, асаран (июнь) беттан 2-гIа де