Хьалххе кхажтасаран торламхошца а, «ЕР»-н куьйгалхошца а видеоконференци йина В.Путина

Россин Президентан Путин Владимиран видеоконференцин рожехь цхьаьнакхетар хилира Пачхьалкхан думин депутатийн кандидаташна юкъавахаран бакъо къовсуш дӀадаьхьначу хьалххе кхажтасаран толамхошца а, «Единая Россия» партин куьйгаллица а.

ТӀебогӀучу харжамашна тоьлла кандидаташ билгалбахарна чӀогӀа мехала ду хьалххе кхажтасар. Цундела, цигахь дакъалаьцначарна хетачунна тӀе а тевжина, асаран (июнь) беттан 19-чу дийнахь, Партин гуламехь, кандидаташ тӀечӀагӀбийр бу.

«Парти адамашца йолчу хьаналчу юкъаметтигах, къамелах херлуш яц. Муьлххачу а критикина а, дӀадолорна а кийча ю иза. Парти кхиорехь а, цуьнан могӀаршка дуккха а ойла цхьаьнайогӀу агӀончаш а, похӀме кегийрхой а юкъаозорехь а дика гӀо до хьалххе кхажтасаро», — дуьйцура видеоконференцин гурашкахь.

Оцу гӀуллакхехь адамашка ладогӀар, церан лаамашна тӀетовжар бахьана долуш, кхидӀа болчу балха тӀехь боккхий кхиамаш баха таро хуьлу Партин.

Цхьаьнакхетар дерзош, хьалххе кхажтасаран толамхошка кхайкхам бира РФ-н Президента.

«Шайга болу тешам аш ларбийриг хиларх даггара тешна ву со. Къаьсттина воккхавевеш ду шу кхидӀа а кхиамаш баха кийча хилар», — элира В.Путина.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: