Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима а, «Хевел» компанийн тобанан генеральни директора Шахрай Игора а куьйгаш яздина регионехь маьлхан энерги кхиоран декъехь цхьаьнагIуллакхаш дар алсамдаккхаран хьокъехь болчу бартана.

Бинчу бартаца нийса а догIуш, агIонаш дагахь ю Нохчийн Республикехь, юкъара мах 5,8 миллиард сом а болуш, маьлхан генерацин цхьамогIа инвестицийн проекташ кхочушъян.
2026-гIа шо тIекхачале регионехь билгалдеш ду юкъара нуьцкъала 90 МВт йолу маьлхан электростанцеш ян а, уьш электроэнергин таппийн а, рознични а рынкашна юкъаяхийта а.
Компанера бинчу хаамашца, карарчу хенахь, вайн регионехь «Хевел» компанис чекхдаьккхина Неврехь нуьцкъалла 5 МВт йолу маьлхан электростанци яр. Регламентаца дан догIу гIулалкхаш чекхдаьхначул тIаьхьа болх бан йолалур ю и станци.
Маьлхан генерацин керла объекташ, ян а йина, болх бан юьйлаялийтаро гIо дийр ду Нохчийн Республика тешам боллуш социальни-экономикин кхиорна, хьаштахошна электроэнергица кхачояран дикалла а, кхачояр тешам боллуш хилийтар а лакхадаккха, ткъа иштта, регионан башха Iаламан хьелаш Iалашдан.
Вайн ешархошна кIеззиг йовзийта лаьа «Хевел» компанийн тоба. Иза вовшахтоьхна 2009-чу шарахь. Россехь уггаре а яккхийчарах цхьа интегрированни компани ю иза маьлхан энергетикин декъехь. Компанин структурина юкъахь кхо подразделени ю: Новочебоксарера (Чувашийн Республика) маьлхан модулаш яран завод; Девелоперски подразделени, цигахь дIахьо маьлхан электростанцешна проекташ хIиттор, станцеш яр, царна эксплуатаци яр; Санкт-Петербургера энергетикин дуткъачу пардонийн (тонкопленочни) Iилманан-техникин туш. Фотовольтаикин декъехь Россехь а уггаре а йоккха Iилманан учреждени ю иза.
2014-чу шарахь дуьйна компанис маьлхан генерацин 1 ГВт нуьцкъала йолу электростанцеш ехкина Алтайхь, Башкортостанехь, Бурятехь, ГIалмакхойчохь, Эдигехь, Аштаркханан, Волгоградан, Оренбурган, Саратовн, Омскан областашкахь, ткъа иштта, Казахстанехь.
Карарчу хенахь кхочушъеш йолчу «Хевел» компанин проекташна юкъахь ду Россехь 1,5 ГВт нуьцкъалла йолу электростанцеш яхкар, Казахстанехь 338 МВт нуьцкъалла йолу электростанцеш яхкар.
Цу тайппана, Россехь евзина ца Iаш, кхечу мехкашкахь а дика евзаш ю «Хевел» шен беркатечу гIуллакхашца.
Д.ПАШАЕВ
№42, асаран (июнь) беттан 5-гIа де