Кадыров Рамзан: … Тахана ерриге Россехь а уггаре кхерамзачарах цхьаъ ю Веданан кIошт

Россин Къоман гвардин эскарийн Къилбаседа-Кавказан округан Жуковн орденан кадечу хьаштийн къаьсттина йолчу бригадин моторизованни «Къилба» батальонан 15 шо кхаьчна хIокху деношкахь.

И де билгалдаккхаран даздарш дIадаьхьира Веданан кIоштахь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана.

Даздарехь вовшахкхеттачарна хьалха къамел дечу хенахь цо билгалдаьккхира батальон вуно чолхечу а, кхерамечу а хьелашкахь вовшахтоьхна хилар.

Республикин Куьйгалхочо аьлла ма-хиллара, хIетахь Веданан кIошт уггаре а кхерамечарах цхьаъ лоруш яра. Цундела цара подразделени кхузахь дIанисъян сацам бира.

«Ткъа тахана Веданан кIошт Нохчийн Республикехь лерина ца Iаш, ткъа иштта ерриге а Россехь а уггаре а кхерамзачарах цхьаъ лоруш ю. Оцу кхерамазалле кхаьчна вайн Сийлахь-боккхачу Даймехкан дуьхьа хIокху кIенташа доггаха къахьегар бахьана долуш. ХIокху махкахь машар а, паргIато а, синтем а хилийтаран дуьхьа подразделенис бIаьхаллин хала а, чолхе а некъ бина. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров АхьмадХьаьжин некъаца тешам боллуш хьалхахьа богIучу бIаьхоша шайна дуьхьал нисъелла ерриге а халонаш шайн доьналлица эшийна», – элира Кадыров Рамзана.

Даздарехь регионан Куьйгалхочо батальонан командирана Межидов Хьусайнна дIаелира «Юкъараллин къепе ларъярехь билгалваларна» мидал. Цунна и совгIат дина Россин Федерацин Президентан В.Путинан указаца.

Иштта, Кадыров Рамзана «Нохчийн Республика ларъярхо» мидалшца а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин грамоташца а, Баркаллин кехаташца совгIаташ дира балха тIехь билгалбевллачу батальонан цхьамогIа белхахошна.

Цу тIе, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо «Къилба» батальонан кертахь схьайиллира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхоччун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин, шайн бIаьхаллин декхарш кхочушдеш кхелхинчу хIокху подразделенин эскаргIуллакххойн сийнна лерина йолу мемориал.

Д.АНАДЕВ
№42, асаран (июнь) беттан 5-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: