Республикин медицинин сихачу гӀоьнан службин белхан лаккхара мах хадийна

Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министран Сулейманов Эльхана кхайкхарца Соьлжа-ГӀалахь хилира Россин Федерацин могашаллаӀалашъяран министерствон медицинин сихачу гӀоьнан службин шататехь воцу коьрта говзанча, академикан И.П.Павловн цӀарахчу Санкт-Петербурган пачхьалкхан медицинин университетан ректор Багненко Сергей.

Ӏ.Ханбиевн цӀарахчу №1 йолчу клиникин больницехь хилира и шиъ. Цигахь уьш хьаьвсира медицинин сиха гӀо оьшуш меттиг хилча хила безаш болчу кечаме.

Цул сов, циггахь дийцаре дира №1 йолчу клиникин больницехь а, Ш.Эпендиевн цIарахчу республикин клиникин больницехь а, цӀеххьана хуьлучу бохамашкахь гулделлачу зеделлачух пайда а оьцуш, оцу шина а больницехь «хьекъале» олу тӀеэцаран отделенеш схьаелларан хьокъехь долу гӀуллакх.

– «Хьекъале» тӀеэцаран отделенехь дархойн чевнийн чолхалле хьаьжжина тайп-тайпана зонаш хуьлу. ТIаккха гӀо даран некъ харжа а, сацам тӀеэца а атта хуьлу. Цул сов, лазийнарг, гӀо оьшург валош баьхкинчу нахана а бегӀийла хьелаш а хуьлу «хьекъалечу тӀеэцаран» отделенехь, – билгалдаьккхира Э.Сулеймановс.

Россин Федерацин могашаллаӀалашъяран министерствон а, Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон а говзанчаша вайн республикин Медицинин сихачу гӀоьнан службин болх кхин а лакхарчу тӀегӀане баккхархьама дан дезарш дийцаре дира.

Профессора С.Багненкос, ша вайн республикин Медицинин сихачу гӀоьнан службин куратор хиларе терра, лаккхара мах хадийра вайн цхьаьнатоьхначу службин белхан.

Республикин могашаллаӀалашъяран хьаьрмин уггаре а коьртачу, кхиъна догӀучу дакъойх цхьаъ ду Медицинин сихачу гӀоьнан служба. Иза иштта хилар массарна ган а гира пандемин муьрехь.

БӀаьста вайн республикехь хиллачу «Могашалла» передачин автора Малышева Еленас а иштта хадийра оцу службин мах: «Сихачу гӀоьнан службин, цхьааллин диспетчерийн туш системин болх дика дӀахӀоттийна бу шун республикехь. Церан машенаш кхайкхинчу метте 20 минотехь дӀакхочуш а ю, оцу тайпа белхан стандарт Москвахь а ю. Оцу службехь мотоциклаш лелош хилар а дика хийтира. Машен дӀакхача хала долчу метте уьш сиха дӀакхачало».

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№42, асаран (июнь) беттан 5-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: