Арахьарчу политикица йоьзна халонаш а, пандеми а, санкцеш а хиллехь а, «Единая Россия» партин 2016-чу шарахьлера программа кхочушйина хилар хаийтина Медведев Дмитрийс — партин председатела.

Шен къамелехь цо билгалдаьхна коьрта дакъош: экономикин кхиар хорша дерзор, жимачу а, юккъерчу а бизнесна налогийн барам лахбар, бахархошна Ӏедалера социальни гӀо-накъосталла дар керлачу тӀегӀане даккхар, хӀусамашца доьзна гӀуллакх бахархойн хьелашца дуозар, и.д.кх.а.
Къаьсттина тидам дешарна бина хилар а хьахийна Медведев Дмитрийс — школашна лерина автобусаш цӀинъяр а, лахарчу классашкарчу дешархошна бовха кхача латтор а дара къамелехь хьехош.
Иштта, экономикин дакъа а ца дитина тидамза партин председатела.
«Вай къахьоьгуш хилар дара уггар коьрта. И бахьана долуш кхочушдина вай махкана а, бахархошна а хьалха лаьтта чолхе а, хала а гӀуллакхаш», — аьлла, дӀахьедар дина цо.
Чаккхенехь, Медведев Дмитрийс хаийтина тӀекхочучу харжамашна «Единая Россия» керла программа хӀотто лерина хилар.
«Хьалхалера программа кхочушъярца гайту партис, тоьшалла до керла программа а ша кхочушйийриг хилар», — дерзийна партин председатела шен къамел.