Отелийн а, хьешацӀенойн а, садаӀаран майданийн а куьйгалхошца цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин туризман министр Байтазиев Муслим.

Цигахь дийцаре дира Россерчу туризман гайтамашкахь реклама яржор а, иштта, туризман декъаца доьзна цхьадолу кхачамбацарш а.
Отелашна онлайн-бронировани яран «Островок.РУ» сервисан генеральни директора Кочеткова Дарьяс цигахь шайн сервисна гайтам бар мехала хиллехь а, цул а коьрта лара догӀура туристашна лерина дагалацам кечбина хилар а, иза бовзийтар а.
«Дагалацам» къоман «Visit Chechnya» туроператора кечбина а, арахецна а бу.
Цу тӀера низам а, къепе а туристашка лардайтар а, царна уьш довзийтар а республикехь болх бечу отелийн а, хьешацӀенойн а, садаӀаран майданийн а, туризман агентствийн а куьйгалхошна тӀедиллира Байтазиев Муслима.
Иштта, и «Дагалацам» шайн-шайн сайташ тӀехь а, кхийолчу платформашкахь а зорбатохар а тӀедожийра министра.
Буьйцуш болу «Дагалацам» 7 декъах лаьтташ бу: «Нохчийн Республикехь тӀекаре хилар», «Транспорт», «Муха кечвала веза Нохчийн Республикехь?», «Тонка озар а, къаьркъа малар а», «Кхачанех хӀун яа?», «Маьждигашка дахар», «Сийлаллашка хьажар».
И.ИСЛАМОВ
№43, асаран (июнь) беттан 9-гIа де