«Нохчийн маттахь Шекспиран «Отелло» спектакль хIоттон кхиъна бевлла артисташ бу Х.Нурадиловн цIарахчу къоман театран артисташ», – боху театран куьйгалхочо, Нохчийн Республикин халкъан артисткас Ахмадова Хьавас.

Поэта Исмаилов Абус гочйина пьеса арстисташа Вахидов Бай-Iелас а, Азаев Хьамида а сценин хотIехь дIанисйинчул тIаьхьа, режиссера Мархолиа Романа а, режиссера-хIотторхочо Ковальчук Владимира а ролашна артисташ билгалбехира.
Цул сов, спектаклан сценин исбаьхьаллин сурт а, артисташна тIехь хила езачу костюмийн эскизаш а ехкина. Иштта артисташна Iамош ду музыкин гIирсаш лакха (Iад-хьокху пондар лакха, вота тоха и.дI.кх.) а, оперин хотIехь илли ала а, хелхабовла а.
Ингалсан поэта, драматурга Шекспир Уильяма 1604-чу шарахь язйина ю и пьеса. Цуьнан коьрта турпалхо инарла Отелло ву.
Iаьржачу аматехь волу Венецин вахархо ву иза. Отеллон аьтто хилар ла ца деллачу накъоста Ягос доккха питIана до. Накъосташка а, зудчуьнга а болу Отеллон тешам бойъу цо.
Доцург кхуллуш, харц тоьшаллаш деш, цуьнга шен зуда йоьйту цо. Шен харцо гучуяьккхина йолу шен зуда а йоь цо цо. Амма, Отеллона даьккхинчу ор чу ша оьккху Яго.
Цуьнан берриге а бехк гучубаьлча, вен кхиэл кхайкхайо цунна. Амма, Отелло дохковаларх, бехк боцуш йийна зуда денъян ницкъ цахиларна, дуьненахь ша йоккху хан ирс дайна йоккху цо.
Иштта, декъаза кхоллам болчу коьртачу турпалхочух, Венецерчу маврах лаьцна йолчу спектакле хьовса аьтто хир бу гурахь.
– Спектаклана костюмаш «Фирдавс» модин цIийно тоьгур ю. Иштта сацам бира тхан репетице еанчу Культурин министран хьалхарчу заместитела Кадырова Iайшата. Тхуна цунах боккха кхаъ хилира, хIунда аьлча, оцу модин цIийнан говзанчаша шайн болх дика бина ца Iаш, говза а бо. Ткъа Шекспиран «Отелло» спектакль массарна а евзаш ю дуьххьара нохчийн матте гочйина ю иза. Цуьнан премьера товбецан (сентябрь) баттахь ерригроссин «Федерация» III-чу фестивалехь хир ю, Дала мукъ лахь!, – дуьйцу Ахмадова Хьавас.
Спектакль кечъяран хьалхара мур чекхбаьлла, костюмашца дерг къастийна. ХIинца артисташ къахьоьгуш бу музыкин гIирсаш Iаморна а, сцени тIехь ролаш ловзорна а тIехь.
ВЕГИЕВА Макка
№43, асаран (июнь) беттан 9-гIа де