«Къилба» батальон

Россин Къоман гвардин эскарийн Къилбаседа Кавказан округан Жуковн орденан кадечу хьаштийн къаьсттина йолчу бригадин моторизованни «Къилба» батальонах хазаза наггахь а хир вац.

Хууш ма-хиллара, дукха хан йоццуш, шен 15 шо кхачар билгалдаьккхина цо.

Веданан кӀоштахь ю батальонан туп, ткъа кхин а билггал аьлча – Ведана юьртахь.

Лакхахь хьахийначу кӀоштахь хӀетахь, Россехь а, уггар кхераме, чолхе хьал хиларца доьзна дара «Къилба» цигахь дӀатаръяр а. Ткъа тахана, махкахошна хууш а, хьешашна гуш а ду цигара хьал бӀостанехьа хийцаделлий – Нохчийчоьнан Ӏаламат хазачу меттигехь йолу Веданан кӀошт Россехь а уггаре кхерамза хьал долуш ю.

ХӀинца вай юьйцучу «Къилба» батальонах Дала хӀоттийна бахьана ду иза — шен оьмарехь эзар сов леррина операци дӀаяьхьна цуьнан бӀаьхоша, бӀеннашкахь зуламхой, террористаш хӀаллак а беш. Лецнарш кхин а дукха бу.

Дагадоуьйту батальон 2006-чу шарахь вовшахтоьхна хилар – хӀетахь, дӀаяьккхинчу Антитерроризман центран бӀаьхойх а, Россин чоьхьарчу эскарийн 46-чу дивизин милцойх а вовшахтуьйхира «Къилбаседа» а, «Къилба» а батальонаш – 248-гӀа а, 249- гӀа а леррина батальонаш.

Делахь а, цул тӀаьхьа дIаяьлларг кӀезиг хан цахиларе хьаьжжина, батальонан дахарехь а, баккхий хийцамаш хилла – масех шо ду иза Россин Къоман гвардин эскарийн Къилбаседа-Кавказан округан Ӏуналлехь йолу.

№43, асаран (июнь) беттан 9-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: