Россин юстицин министра Чуйченко Константина лаккхара мах хадийра Кадыров Рамзанца хиллачу къамелан

Белхан гIуллакхца Нохчийн Республике веара Россин юстицин министр Чуйченко Константин. Оцу хьокъехь хаам бира социальни сетерчу шен агIонехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Соьлжа-ГIалин аэропорте федеральни ведомствон куьйгалхочунна дуьхьал баханчу Нохчийчоьнан Iедалан векалшна коьртехь вара Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад.

Аэропортера, уьш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин Мемориалан комплексе баьхкира. Цигахь цара зезагийн курсаш ехкира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIолламна хьалха.

Юха, музейхь йолчу экспонаташка хьаьвсира. Хьешана къаьсттина безам хийтира Ахьмад-Хьаьжин белхан кабинет.

Цул тIаьхьа К.Чуйченко Минюстан регионан урхаллехь а, суьдан пурстоьпийн Федеральни службин республикерчу урхаллехь а, таIзар кхочушдаран федеральни службин Нохчийчоьнан урхаллехь а хилира. Иштта, Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторе а (№1 йолу СИЗО) а кхечира иза.

Федеральни министран К.Чуйченкон цхьаьнакхетар хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца.

«Константин Анатольевичца хиллачу цхьаьнакхетарехь чулацаме а, мехала а къамел хилира. Ларамечу хьешана ас баркалла элира Нохчийчу варна. Цхьа а шеко яц, шен бIаьргашна ган а гина, меттигашкахь долчу хьолан мах хадор тоьлаш ду. Иза чIогIа пайдехь а ду кхидIа а цхьаьнагIуллакхаш дарна, мехала декхарш кхочушдарна», – яздина Кадыров Рамзана социальни сетерчу шен агIонехь.

Цо дийцарехь, федеральни менистра лаккхара мах хадийна ФСИН-н а, ФССП-н а учрежденийн белхан а, цара вовшашца цхьаьнагIуллакхдаран а. Министр тешна вара кхул тIаьхьа а иштта беркате цхьаьнагIуллакхаш дар дIахьуриг хиларх.

«Хьешаца цхьаьна экскурси йира оха. Тхо зоопаркехь хилира. Ас цунна гайтира уггаре а тешаме а, оьзда а долу дийнаташ – говраш. Адамаш чIогIа дика девза царна. Шаьш езаш долу адамаш а чIогIа деза царна, говраш царна хьеста а ло. ХIинца а, шена хазахетар гойтуш, хаза а, оьзда а йолу башха говр голаш тIе хIоьттира, ша йолчу дахкарна суна а, Константин Анатольевична а реза хилар гойтуш. Экскурси ерзош, нохчийн кертахь чай мала севцира тхо», – дерзийра регионан Куьйгалхочо.

Д.АНАДЕВ
№43, асаран (июнь) беттан 9-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: