О.Иванов – Капеллон командехь
7-чу июнехь Химки гIалахь Россин вовшахтоьхна команда цхьаьнакхийтира Белорусерчу футболисташца.
Хууш ма-хиллара, футболан эксперташа билгалдоккхура Соьлжа-ГIаларчу «Терекан» полузащитник Иванов Олег Россин вовшахтоьхначу командина юкъахь ловза хьакъ хилар. Цундела Россин вовшахтоьхначу командин коьртачу тренера Ф.Капелле иза Белорусин вовшахтоьхначу командица хиллачу матчан шолгIачу таймехь ловза юкъавалийтира. Цхьаьнакхетаран 77-чу минотехь счет дIанисъярехь дакъа а лецира О.Ивановс. Олега шега елла буьрка чутуьйхира Головин Александра.
Хууш ма-хиллара, ЖамI 4:2 долуш Россин вовшахтоьхначу командо толам баьккхира оцу матчехь
Финалехь ловза бакъо яьккхина
1998-чу шарера болу «Рамзан» футболан Академин футболисташ стыковой цхьаьнакхетаршкахь Тулерчу «Арсеналана» тIехь толам баккхарца Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан финалехь ловза бакъо яьккхина. Финальни турнир дIахьор ю карара бутт чекхболуш Ярославль гIалахь.
Командина тIехь Iуналла деш ву1970–1980-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIаларчу «Терекана» юкъахь левзина волу Велидов Тимур. Цо 1997-чу шарахь тренерийн лаккхара школа чекхяьккхина.
Билгалдаккха догIу, 1998-чу шерашкара болчу «Рамзан» футболан академин футболисташа кху шарахь ЮФО-СКФО-хь хьалхеяккхаран чемпионатехь толам баьккхина хилар.
Цхьа а ца туьйлира
ШолгIачу дивизионан командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан рогIерчу туран матчехь. Соьлжа-ГIалара «Терек-2» шен цIахь, С.Билимхановн цIарах йолчу стадионехь цхьаьнакхийтира Сочи гIаларчу «Сочи» командица.
Матч йолаелла дукха хан ялале счет схьайиллира соьлжагIалахоша. Билгалваьлларг вара Гарисултанов Ахьъяд. ШолгIачу таймин юьххьехьца счет дIанисйира хьешаша. Бакъду, цул тIаьхьа дукха хан ялале Кадиев Джабраила хьешийн кевна шолгIа гол туьйхира. Амма вайн командина толам баккха доьгIна ца хиллера цу дийнахь. Матч чекхъяла масех минот йисинчу хенахь счет юха а дIанисйира Тумасян Сергейс.
А.АБДУЛАЕВ
№ 65, пIераска, 12 июнь, 2015 шо