Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Бенара бIаьсте» фестиваль дIаяхьарна кечамбарехь долу хьал дийцаре деш кхеташо дIаяьхьира. Цу хьокъехь Нохчийн республикин Куьйгалхочо хаам бира социальни сетехь йолчу шен агIонехь.

Халкъан кхоллараллин «Бенара бIаьсте» фестиваль асаран (июнь) беттан 17-чу дийнахь дIахьур ю.
Цо мехала маьIна леладо нохчийн халкъан гIиллакхаш, Iадаташ, ламасташ Iалашдарехь, къоначарна довзийтарехь, вайн къоман турпалхойн сий-ларам айъарехь.
Фестивалана кечамбаран вовшахтохараллин комитетана куьйгалла деш волчу Нохчийчоьнан къинхьегаман, болх нисбаран, социальни кхиоран министра Баширов Iусмана дийцира оцу мехалчу хиламна кечамбар дика дIадоьдуш хиларх лаьцна.
Цо билгалдаьккхира фестивалан программа чулацаме а, къеггина а хилар. Цу юкъахь ду говраш хахкар, спортан къийсадаларш дIадахьар, кхоллараллин конкурсаш, юьртабахаман сурсатийн ярмарка, тайп-тайпана гайтамаш вовшахтохар, дуккха а кхидерг.

Иштта, хьокъала йоллу инфраструктура хилийтарна беш кечамаш а бу.
Ша аьлча, Нажи-Юьртан кIоштан куьйгалхочо Музуруев Асланбека дийцира Бенара коьртачех цхьаъ болу некъ кхоччуш дика тобеш хиларх лаьцна. Иза 4 километр беха бу.
Цул сов, хьешийн а, фестивалан дакъалацархойн а синтем а, паргIато а ларъярна а боккха тидам тIебохуьйтур бу.
Россин МВД-н Нажи-Юьртан кIоштан отделан хьаькама Чалаев Мурада дийцарехь, бакъонаш а, къепе а ларъяран органаш кийча ю фестиваль дIаяхьарехь кхерамазалла хилийтарна.
«Ас билгалдаьккхира республикин культурин дахарехь фестиваль боккха хилам хилла дIахIоьттина хилар. Иза йовзар сихха даьржаш ду, Нохчийчоьнан бахархойн, Россин Федерацин кхечу субъекташкарчу, дозанал арахьарчу мехкашкарчу хьешийн тидам шена тIе а ийзош. ХIора шарахь Бенарчу лаьмнашкахь эзарнаш адамаш вовшахкхета. Уьш цига догIу шайн доьзалшца, доттагIашца, белхан накъосташца цхьаьна, кхузарчу башхачу Iаламах, фестивалан исбаьхьачу программех ирс эцархьама. Ас тидам тIебахийтина фестиваль лаккхарчу тIегIанехь дIаяхьа езаш хиларна, жоьпаллин нахана тIедиллина иза иштта хилийтархьама хьокъала доллу гIуллакхаш дар», – яздина регионан Куьйгалхочо.
Иштта, кхеташонехь Кадыров Рамзана хьахийра Нажи-Юьртан кIоштана хица кхачояран гIуллакх.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочун гIоьнчас Хататаев Ахьмада дийцира «Яьсси» хьостанера ГIалайтIа юьрта биргIанашца хи далийна хиларх лаьцна. Цо хица кхачойийр ю 20 юьртарчу бахархошна. Ткъа оцу ярташкахь Iаш 40 эзар гергга вахархо ву.
Регионан Куьйгалхочо тIедиллира «Ахки тIай» меттигера кхитIе а хи далор.
Д.ПАШАЕВ
№43, асаран (июнь) беттан 9-гIа де